Хӏун ду-те, дайн кешнаш дитина,
Уьш къера махкаха бохург?
Хийраллехь ирс лаха уьш арабаьхнарг?
М. Ю. Лермонтов. «Измаил-Бей»
Цхьа бутт хьалха Закавказски фронтехь оьрсийн эскарийн хиллачу масех эшамо йуха а областехь эладитанаш даржийра, оьрсийн эскарш, массанхьа йуха а девлла, лаьттахулий, хӏорда тӏехулий Россе цӏа уьдуш ду, Тифлис дӏа а лаьцна, Гӏеза-Махьма Дегӏастана а вогӏу, ткъа Кундухов Владикавказе кхочуш а воллу бохуш.
Оцу эшамаша меттахйаьккхина Дегӏаста эххар а гӏеттира. Нохчмахкахь гӏаттам хиллачу хьалхарчу дийнахь дуьйна а нохчех схьакхеттера церан дозанца йолу Салатави а, ах ӏаьнда а. Хӏинца гӏаттам лаьмнашкахула дӏа Къилба Дегӏастана а баьржира. Инарла-адъютант эла Меликов воьхна хьийзара цигахь. Селхана а, тахана а цуьнгара масех телеграмма кхаьчнера Свистуновга. Нохчийчу йаийтина эла Накашидзен отряд сихонца Дегӏастана йухайерзор а, Теркан областан цхьадолу эскарш шена гӏоьнна дахкийтар а доьхура цо.
Оцу хаамаша, кхидолу гӏуллакхаш дӏа а тийсийтина, Ведана сихвинера Свистунов.
Нохчмахкара гӏуллакх чекх ца даьллехь а, Ламанан Дегӏастанан отряд дӏайахийта дийзира. Шеко йац, нагахь Дегӏастанара гӏаттам масех дийнахь ца хьашахь, Нохчийчоь йерриг а гӏоттург хиларан. Хӏара ший а гӏуллакх вовшехдозу. Накашидзеца боккха ницкъ дӏабоьду. Пхи эзар гергга гӏашло а, дошло а. Къаьсттина халахета дегӏастанхойн милици дӏайолуш. Иза тешаме герз дара шина къомана йукъахь мостагӏалла кхолларна.
Свистуновс буьйр дира станицашкара кхоалгӏачу рогӏан гӏалгӏазкхий салт баха. Хӏинцале новкъа йевлла схьайогӏура Сунженски, Ассински, Нестеровски, Слепцовски, Троицки станицашкара сотняш.
Командующий реза вац шен гӏоьнчин инарлин Смекаловн тактикина. Шен отряд йохо гӏовттамхошна шозза аьтто хилийтина цо. Йерриг отрядца цкъа Бена, йуха Басса тӏе вахна иза. Гӏа а даьллачу йуькъачу хьаннашка, нал санна, таттавелла. Масех эзар стага – гӏашлоша, дошлоша, артиллерис – дан хӏума ма дац хьаннашкахь. Ткъа ӏаьлбага кегийрачу тобанашца, хьалхий, тӏаьхьий, агӏонашкий вуьйлуш, барзо жа санна, хьийзийна.