тӏехь йаьржинера Беной-Ведана.
Булгӏат-Ирзехь а, Лоьма-КІорцахь а гергарчаьргахь левчкъинера ӏаьлбаган къена да-нана а, доьзалш а, вежарийн доьзалш а.
Ӏуммин кост дӏакхетийча, цигахь дукха Іойла ца хилира Овхьадан. Ӏуьйранна, йуьстах а ваьккхина, Къайсара цуьнга хаийтира, Гати-Юьрта тӏаьххьара отряд йеача, Асхьад вийна аьлла.
– Дала гечдойла цунна! Вешел доккха хӏума дац стагана дуьнен чохь. Амма вайга ца хоьтту Іожалло. Масане безарш, цатерш дӏахьо цо…
Овхьадна цхьа генара санна хезара Къайсаран кадам. Дегӏ, хьацар тоьхна, малделла дегадора. Цхьанхьа хӏоьттина ца ӏалуш, роггӏана цхьацца кога тӏе вазлора иза. Кийра цӏеххьана цӏе хьаьвзира. Оцу минотана йакъайеллачу багара мотт дечиган болуш санна хетаделира цунна.
Кхин хье ца луш, шен говрана нуьйр а тиллина, Булгӏат-Ирзера аравелира иза.
Сийсара сахиллалц тӏедилхинчу догӏано лашкадаьккхинера латта. Боьранашца, хьаннашца текхара йуькъа сира дохк. Дукъана шиний агӏор чохь дахкарна йуккъехула, лаьтта бухара схьа санна, хезара кӀотаршкахь лета жӏаьлеш, ӏоьху бежанаш, кхойкху боргӏалш. Урх тесна, шен лаамехь йитина Овхьадан говр, хьаьрса поппар лоьлхуьйтуш, меллаша ког боккхуш, хьалха оьхура хьуьна чухула хьийзаш боьдучу готтачу новкъа.
ДогӀа тоххара сецнехь а, некъана тӏехула кхозучу диттийн гаьннаш тӏера, даг тӏе сингаттам туьйсуш, ладарш оьгура. Наггахь тӏадам, кочехула чубужий, пханарш йуккъехула охьашершара. Амма Овхьадна ца гора гонаха хуьлуш дерг. Муьлхха а цхьа бохам тӏебеача, цо йоьллу деган шира чевнаш а. Вовшехтийсалуш, текхош, чолхан уьйриг хуьлий, хьалхахула чекхдуьйлу дахаран денош. Тӏаьххьарчу лазаро, хьалх-хьалхарниг меттахдоккхуш, бералле дӏавуьгу. Мацах цкъа дицделларш а карладоху. ДуьхьалхІуьтту безачийн йуьхь-сибат, лелларг, аьлларг дерриг а. Овхьадна карлайелира шайн бералла. Ша, вежаршна тӏаьхьа а хӏуттий, ловза лелар. Цара ша, хих, догӏанах, дорцах, шелонах ларвеш, ӏалашвар. КІадвелча, ги вуллуш, караоьцуш лелор. Шайна карабеана стом, хасстом, шаьш ца бууш, жимахчу шена кхийдор. Дуьхьалхӏоьттира беран хенахьлера Асхьадан сурт. Шога а, эндаже а вара иза, амма даим