йочана. Цкъа, серий санна, тӏедетта догӏа, тӏаккха саццаза тӏесерсаш лаьтта. Наггахь ӏаьржачу мархашна йуккъехула схьа а къедий, йеххачу ханна къайлаболу малх а. Дохк а ду ӏаннаш, тогӏеш йуьзна дижна лаьтташ.
– Хӏума кхаллалой хьажахьа, – дехар до Зезагӏаза. – Дакъийначу жижигца гала йина ас.
– Ца йеза суна. Жимма ӏийча, чорпа мер ас.
Зезагӏаза паргӏат вуьту иза. Ӏаьлбаг корах арахьоьжу. Кертарчу туьрка тӏера гӏа дожа доьлла. Хьаннаш а йу шайн сийна духар хуьйцуш. Хӏинца уьш баьццарий, цӏен, можий беснаш эцна, хийцайелла. Жимма ӏийча, йерриг а йерзина йевр йу. И сийна, йуькъа хьаннаш ма йара гӏовттамхошна туш хилла лаьттинарш. Гӏа доьжча, ловчкъа меттиг а хир йац царна. Ӏа а ду, борз санна, тӏаьххье тӏедогӏуш. Шелоно а лоьцур бу. Иза дика хаьа инарлина. Тӏаккха кхин а тӏетеӏар ду паччахьан эскарш.
Ӏаьлбагна уллохь, сих-сиха мара хьала а уьйзуш, шен болх беш йоллу Сахьабу а. Чӏешалга тӏе бехчалгаш хьерчош, тайниг йан гӏерта иза. Амма тайниг нислац. Уллохь жима «ага» лаьтта шен берриг гӏирсаца. Сонехь дӏанисйина «мотт-гӏайба», тайп-тайпана пхьегӏийн геригаш.
Ӏаьлбаг-м цомгаш ӏуьллу. Могаш хилча а, ницкъ бац. Цхьана бӏе стагаца хӏокху кӏажа таӏийна иза. Винчу хьаннашка-м гӏур вара, амма Яьссиний, Ямсуний тӏе валалур вац. Цаьршинна йуккъехь, лаххара а, итт эзар салти лаьтта.
Ӏаьлбага йуха а ойла йо. Оццул цара хьегна къа кхиамза довш лаьтта-те? Маса йурт йагийна, маса эзар адам тхов боцуш дисина, маса вийна! Ткъа гӏаттам хьаьшна баьлча, ӏедало ден дерг хӏинцале а гуш ма ду.
– Дада! – хеза цунна йоьӏан аз.
Ӏаьлбаг йоӏе дӏахьожу. Цхьа гӏаларт ду хӏара а. Чӏораш санна, дуткъий пхьаьрсаш, буткъа мара, дӏасадаьржина ши лерг. Неначух тера жугӏара бӏаьргаш хьоьжу дега.
– Вай цӏа маца гӏур ду?
Йоӏ тӏе а озайой, кӏедачу ӏаьржачу месех куьг хьокху ӏаьлбага.
– Дукха ца ӏаш. Сагатло хьан?
– Хӏаъ. Дада а, баба а ган лаьа суна. Кхузахь соьца ловза бераш а дац.
– Кестта гӏур ду. Схьалол соьга, ас йе хьуна тайниг.
Йоӏа йинарг дӏа а йаьстина, уьрсаца ши чӏешалг а тойина, цхьаъ дегӏана, важа куьйгашна тӏе-кӏел а йиллина, дӏа а йихкина, кӏайн бехчалг хьерчош, корта бира Іаьлбага. Тӏаккха, тайнигна тӏе коч а йуьйхина, йуьхьа