Дошлойн ковра тӏекхаччалц сецира отряд. Даим санна, кхоьлина, буьрса хуьлучу Акхтас деро салам делира.
– Аш хӏун до, Акхта? – цецвелира Іаьлбаг.
– Хьо волчу догӏура тхо-м.
– Ас кхайкхина-м ма дац шу. Эскар-м ца деана Гати-Юьрта?
– Эскар эшац цигахь-м, хӏара жӏаьлеш мел ду, – оьгӏазе Товсолте дӏахьаьжира важа.
– Хӏун хилла?
– Молла аьлча а, хӏара мозгӏар, кӏордийна сих, похах а чекхваьлла тхуна. Виллина дӏа адам вайна дуьхьалдаккха гӏерташ. Хьастагӏа рузбанехь, вай нажжаз деш, паччахь, инарлаш, хьаькамаш, ӏедал хестош, царна – къинхетам, вайна – бекхам боьхуш доӏанаш дира хӏокхо. И хьайн чӏинкъ сацайе бахарх а, ладогӏац. Тӏаккха, салтий баьхкича, Хаси-Юьртарчу палконакна мотт хьоькхуш лелла. Йуха а, Хортӏас а, хӏокхо а цигара дерриг цӏенош а дагатайтина. Цкъа сайн куьйга хӏара ирхъолла ойла хилира сан. Болата витанц-кх. Хьоьгара пурба доцуш, иза дан йиш йац аьлла.
– Хортӏа-м ца лаьцна аш?
– Дедда жӏаьла. Мичахула хиъна а хаац сан дагахь дерг. И шен хьакхин муцІар мохе лаьцча, ерана санна, хьожа кхета цунна.
– Дика ду. Дӏадуьло эвла. Цигахь къастор вай хӏокхуьнан гӏуллакх.
Хӏара бу аьлла урам боцуш, боьранашца, цхьацца гунаш тӏехь даьржина дара Чеччалхера цӏенош. Йуьрта йуккъехь гу тӏехь, мелла а нийсачу экъан тӏехь, айъаделла лаьттачу лоха момсар йолчу жимачу маьждигна гонах, геннара хьаьжча, адамийн йоккха тоба а гина, шен отрядца цига волавелира ӏаьлбаг.
Тобанна герга мел кхочу, шера хезара цигахь йеш йолу гӏовгӏанаш. Кхидерш къардеш декара Нурхьаьжин буьрса аз. Вуьшта, паргӏат къамел деш, стеган догъоьцуш кӏеда хуьлу цуьнан аз, оьгӏазвахча, хецалора, цхьанхьа къевлина дуьхьало йаьстича санна.
Адамийн тобанна тӏехула айъавелла лаьтта Нурхьаьжа мохь хьоькхучуьра сецира, ӏаьлбагах бӏаьрг а кхетта. Амма хьеший ца гучара йукъ-йукъа маьхьарий хьоькхура:
– Тоьпаш тоха цунна, хьакхина!
– Ирхъолла!
– Дов марса ма дахийша, хӏай нах!
– Гуш лаьтташехь, стаг воь ткъа?
– Ирх ма олла! Вайнехан гӏиллакхца дагӏац иза!
– Стаг хилла лаьттара и чагӏалкх?!
– Мухха велахь а, молла ма ву иза…