Оцу йерриг хенахь хуьлучуьнга бендоцуш хьоьжуш лаьттара Товсолта. Йа шена тӏехь хӏоттийнарг ша кхеро ду моьттура а хаац, йа шаьш йина кхел кхочушйан уьш ӏедалх баьхьар бац аьлла хетара а хаац. Ткъа хӏетталц макхвелла лаьттина Хайрулла а цӏеххьана хьалхалерчу басе веара. Схьахетарехь, цо догдиллинера къинхетамах.
Ӏаьлбага кхел схьакхайкхийра:
– Халкъана йамартло йина, мостагӏашкахьа ваьллачу хӏокху лаьттачу Хайруллина а, Товсолтина а вен кхел йо къаноша. Оцу хьарамчу, зуламечу новкъа ваьллачу хӏор а стагана тӏехь изза кхел хир йуйла хаалда массарна а! Нурхьаьжа, дӏавига и шиъ.
– Кхел кхочуш тхоьга йайтахьа, имам, – элира Раджаб-ӏелас, Іаьлбагна тӏе а веана.
– Хӏунда?
– Хӏара шун нохчийн нах берриг вовшашлахь гергарлонаш долуш ма бу. Стенна оьшу йуккъе мостагӏалла долла?
– Тхуна йукъахь мостагӏалла хир ду даим, – жоп делира ӏаьлбага сацамболлуш. – Тхуний, ӏедалан йалхошний йукъахь. Тхо йа уьш тоьлла, дерза деза гӏуллакх.
Ша дӏавигале, схьа а вирзина, мохь туьйхира Хайруллас.
– Суна хаьа аш лелориг, Олдаман Іаьлбаг! Шу писашка лалац тхо шайл тоьлуш хилар. Тахана-м аш тхойша вуьйр ву, амма кхана шуьга а кхочур йу раж!
– Тхо кийча ду оцу денна, Хайрулла. Лахь а, халкъан гӏуллакхна лийр ду тхо, ткъа шун Іожалла жӏаьлиниг санна хир йу.
Цхьа сахьт далале йассайелира маьждиган майда. Шен бӏо а эцна, Бена йухавирзира Іаьлбаг. Уьш регӏа бевлча, Чеччалхе эвла йистехь тоьпаш йевлира.
Дегӏаста гӏеттича, мелла а дог-ойла аййелла ӏаьлбаг жигара хьийзара Басса тӏехь.
Паччахьан эскарийн командованина дика хаьара оцу меттиган стратегически маьӏна. Кхузара дӏа гӏовттамхойн аьтто бара йерриг Нохчмахкаций, ЧІебарлаций зӏе латто. Тӏе, цигара дӏа бара Дегӏастана боьду цхьаъ бен боцу цхьа некъ а. Цундела сентябран хьалхарчу деношкахь гӏаттаман центр морзахна йукъакъевлира командованис. Лаьмнийн когашка хӏиттийра йаккхий отрядаш. Басс а, Хулхуло а аренга долучу а, Ойсхаре, Зазаргӏане а. Аьккхахь, Салатавехь, Яьссина а, Ямсуна а тӏехь лаьттара Батьяновн отряд.