дитина. Уьш санна, кхин берхӏитта эзар шен къоман йижарий а, вежарий а битина.
Оцу дӏадаханчу шийтта шарахь Турцехь халонаш, эрчонаш ца йисира Коьрина ца гуш. Ирс доцурш а гира. Шениг санна, маршонехьа къуьйсу кегийра къаьмнаш хьеша а дийзира. Бакъду, Коьрас куьйгаш бехдина дац цхьаннен а цӏийца. Оцу агӏор дог а, куьйгаш а цӏена ду цуьнан. Амма иза декъахо ву Критехь, Боснехь, Черногорехь, Сербехь а къаьмнийн маршонехьа хилла къийсам хьешначийн. Критехь могӏара салти вара иза, ткъа стохка – албай[29].
Кхолламо цига кхоьссинехь а, гӏевттинарш шен цӏийх а, йа шеца цхьана динехь а ца хиллехь а, дог цаьргахьа дара Коьрин. Оцу къаьмнийн маршонехьа турпалчу къийсамехь байъинчу зударийн, берийн, къеначу нехан декъаша шен даймохк а, халкъ а дагадоуьйтура цунна.
Оцу къаьмнийн къийсамо Коьрин дог, мелхо а, къонахаллех дузура, цо беран хенахь биъна дуй кхитӏе а чӏагӏбора. Нийсса аьлча, цунна гина и къаьмнаш дара Коьра шен даймахка сихвинарш.
Дуьненахь хуьлу цхьадерш шен бӏаьрга гинера Коьрина, дисинарш – хезнера. Цунна шен шина бӏаьргана гинера гӏевттинчу оцу къаьмнашна арахьара хуьлу гӏо. Итт шо хьалха оьрсийн хӏордан кеманаш даьхкира критянашна гӏоьнна герз, кхачанан сурсаташ, молханаш дохьуш. Чевнаш хилла дуккха адамаш дӏа а дигира цара. Гӏаттам хьаьшначул тӏаьхьа Коьрина хезира, цуьнан бӏеннаш куьйгалхошна Россехь туш карийна бохуш.
Изза хилира стохка а. Туркойн эскаршна дуьхьал летачу сербашна а, черногорцашна а йукъахь бӏеннаш оьрсийн эпсарш а, салтий а бара.
Оцу масалша ша махках ваьллачу шийтта шарахь дуьне а, адамийн кхетам а бакъахьа хийцабелла моттадалийтира Коьрина. Туркойн паччахьан махкахь миччахьа а цхьанхьа халкъ шен маршонехьа гӏеттича, цунна орцах ма йовлура Европера пачхьалкхаш. Иштта орца цуьнан жимачу халкъана хила а ма магара.
Амма и аьттехьа а цахилар хӏинца хиъна Коьрина. Гӏо а, орца а мичара хилира хӏокхеран гӏуллакхна, атталла дуьненахь цхьанне а бала а бац кхеран йарташ сийначу цӏарах йагайарх.
Ондда гӏулч йоккхуш, мера кӏел лохха мукъам беш, цӏа чу велира Елисей. Коьра, ши бӏаьрг хьаббина, ойланашка ваьлла ӏуьллуш гича, шен мукъам а сацийна, маьнги йисте