баттахь даккхий зенаш дина кхузарчу эскарна. Тхайниш, масех эзар цхьаьна а кхетий, дӏагӏоьрту, тӏаккха уьш, бохабой, баржабо. Ткъа аш, кӏезигчу тобанашца тӏаьхьа а дуьйлуш, дийнахь-бусий йетташ, са хадийна мостагӏчун…
Іаьлбаг гӏаддайна велавелира.
– Сахаьддарш-м тхо ду, Медана-Хьаьжа. ТІаьххьара а са уьйзуш дохку. Тӏаьхьа ду шун тхьамданийн меттахбовлар. ЦІоганна кӏел хи кхаьчча долало, боху, жӏаьла нека дан. Изза ду аш дийриг. Тхоьца цхьаьна Дегӏаста гӏеттина хиллехь, толаме сатуьйсийла йара вайн. Шун цигара цхьаболу тхьамданаш бендоцуш тхоьга а хьуьйсуш ӏийра. Хӏинца гӏевттина. Хирг хилла даьлча. Тхо хьошуш, цигара эскарш дахкийти гӏоьнна. Хӏинца, тхо хьаьшна а девлла, кхузарниш цига дуьгу.
– Дера, ӏаьлбаг-Хьаьжа, оха, Іаьндоша, тхешан ницкъ кхочу гӏо а ма дира шуна. Тхан дикка йарташ шуьца цхьаьна а ма гӏевттира. Ца ларий-кха тхо.
– Элана Накашидзена гӏо дан-м ларийра, – йукъа дош кхоьссира Янгӏулбис. – Салтел а къиза бара шун ӏаьндой.
– Иштта аьлча, нийса хир дац, Янгӏулби, – корта ластийра ӏаьлбага. – Уггар вайн гӏаддайначу хенахь вайна уллохь буьсурш ӏаьндой бара. Вайна дуьхьал а, вайца а бара.
– Йоьхна зама йу тӏекхаьчнарг, – элира Раджаб-ӏелас. – Цхьана цӏийх, цхьана динехь долу адамаш-м хьовха, вежарий а вовшашна дуьхьалбевлла. ДІа ког мел баьккхинчохь, йамартло йу. Пайхамара йийцина зама тӏекхаьчна-кх.
Чохь берш ойлане бевлира. Хӏоранна а дагадаьхкира шайн-шайн йуьртахь и тайпа хилларш, долуш дерш а. Массо йурт а йекъайелла шина декъе. Паччахьо хьаьстинарш дуьхьалбевлира халкъана. Кхузахь а, Дегӏастанахь а, массанхьа а.
Хӏусамден несарша хьалха диллина жижиг-галнаш а диъна, тӏе йовха чорпа а мелла, шаьш паргӏатдевлча, хьешан гӏуллакх хаьттира ӏаьлбага.
– ӏаьлбаг-Хьаьжа, тхан тхьамданаша хьоьга дехаре дахкийтина тхо, – жоп делира Медана-Хьаьжас. – Лам чохь тхайга мацалла хӏоьттича, тхешан варрашна тӏе даьсса галеш туьйсий, шу долчу догӏу тхо. Шун массо йуьртахь гергарлонаш ду тхан. Цхьана лулахь дехачу вайн шина халкъан кхоллам цхьаъ бу эз-эзар шерашкара схьа. Тхолахь Іедало хьовзийнарг шу долчу туьша иккхина даим а. Гӏийлачун, мискачун, гӏорасизчун