Амма, кхузара гӏуллакх дӏа а тесна, дерриг цига даха йиш а йац. Вайша Іаьнда гӏур ву, ткъа важа вайн накъостий кхузахь биса беза.
– Баркалла шуна, вежарий, – элира Медана-Хьаьжас. – Хӏинца тхан дегнаш паргӏат ду-кх. Вай новкъа маца довлу хаа лаьара суна.
– Тховса цхьацца гӏуллакхаш дӏа а нисдина, кхана Іуьйранна.
Хьеший новкъа баха арабевлча, шен накъосташка суьйлийн маттахь масех дош элира Медана-Хьаьжас. Цхьамма, вахана, гоьзанах дӏатесначуьра схьабаьстина, детица кхелинчу нуьйран гӏирсаца кечбина, ло санна, кӏайн дин балийра Іаьлбагна тӏе. Кхечо, нуьйра тӏехьа дихкинчуьра къорза гали схьа а эцна, оцу чуьра схьадаьккхира кӏайн верта. Медана-Хьаьжас, шен кочара схьадаьккхина, ӏаьлбаге кховдийра дашо варкъ доккхуш кечдина детица кхелина тур.
Бӏаьрг буьзна туйнаш туьйсура наха, гӏургӏезачух тера йеха ворта а саттийна, лаьттах берг йетташ, цхьана метта саца ца туьгучу дине а хьуьйсуш.
– ӏаьлбаг-Хьаьжа, хӏара дин а, верта а, тур а тхан тхьамданаша совгӏатна даийтина хьуна, – элира Медана-Хьаьжас. – Тхайн муьтӏахьаллина, вайн бартан закъалтана хӏорш дӏаэцар доьху оха.
Медана-Хьаьжин дешнаша цецбаьхна, дӏатийра нах. Паччахьна дахьийта а мегар долуш, инзаре доккха, безачу механ совгӏат дара цара имамна даийтинарг. Накъостий баккхийбера лулахоша хӏара ӏаьлбаг иштта веза ларарх.
Іаьлбага, тӏе а вахана, дайн куьг хьаькхира говран шерачу хьаьжа тӏе. Берахь дуьйна даима шен дахар говрашца доьзна волчу цунна муьтӏахь хуьлура мел аьрха дин а. Ӏаьлбаган куьг кхетча, говран дегӏа тӏехула дайн дегор хьаьдира.
– Делхьа бу, Медана-Хьаьжа, хӏара дика дин. Йеха ворта, буткъа бехий когаш, андий хьорканаш, – аьлла, тӏаккха Медана-Хьаьжегахьа схьа а вирзина, цуьнан карара схьаэцна, тур баттара даьккхира цо. Малхехь къегира хьаргӏа басахь болат.
Ӏаьрбийн йозанца дашочу хица цунна тӏе йазбина могӏа бийшира ӏаьлбага: «Имамна ӏаьлбаг-Хьаьжина. Делера къинхетам а, эвлайаашкара орца а хуьлда хьуна!»
Тур, батта чу а доьллина, карахь дӏаса а хьовзийна, Медана-Хьаьже дӏакховдийра Іаьлбага.
– Даккхий совгӏаташ ду хӏорш, Медана-Хьаьжа. Шайн тхьамданашна баркалла ала сан цӏарах. Царна со воккха