– Шаьлтанна кӏел биллинчу уьстагӏан санна!
Оццу хенахь тӏом кхехкабелира аьтту агӏор а. Иза капитанан Наумовн колонна йара.
– ӏаьлбаг! Аьтту агӏор мостагӏ ву! – мохь белира Елисейн, баттара даьккхина тур а буйнахь дуьхьалвогӏу имам гича. – Цигахь хӏун ду-те?
– Цигахула а тӏелетта! Къайсар! Нурхьаьжа! Чехкка охьа чу а диссий, Раджаб-ӏелий, Тозуркъий хьалакхайкха! Чехка!
Амма Раджаб-ӏела а, Тозуркъа а шайн нахаца шаьш схьакхечира.
– Хӏун ду лаха чохь? – хаьттира ӏаьлбага хьалха тӏекхаьчначу Тозуркъе.
– ӏаьп-схьаьп дац. Схьахетарехь, салтий га тесна баьхкина кхуза.
– Солтмурдах хӏун хилла?
– Хаац. Иза волчу агӏорхьара а йолуш топ йац.
– Аьтто балахь, тӏехьашха тӏелата, бацахь – кхуза йухавала ала цуьнга.
Йукъ-йукъа тухуш, Симсарна тӏе пхоьазза йоккха топ а тоьхна, дуьхьал жоп ца лой хиъна, Козловский шен колонница суьйранна йалх сахьт долуш лагере йухавирзира. Оцу маневро гӏовттамхойн само артйина хир йу аьлла хеттачу хенахь йисинчу йерриг колоннаша йукъара тӏелатар долийра.
– Коьра! Коьра! Акхтин бӏоца аьтту агӏор гӏо. Раджаб-ӏела! Элсина гӏо де! – уллошха а, тӏехула а шакарш йеттачу дӏаьндаргашна йуккъе а хӏоьттина, омранаш дора ӏаьлбага.
ГІо тӏекхаьчча, Елисейн аьтто хилира дуьхьал тӏелетта Виноградовн колонна, лаьллина, лома кӏел чутаса. Амма иза волчохь кӏеззиг синтем хиллачу хенахь аьтту флангехь хьерабелира тӏом. Наумовн колоннин аьтто хиллера, гӏовттамхошна ца хууш, лома тӏе хьалайала. Цунна дуьхьалнисвеллачу Коьрин ах бӏеннах цхьа йоццачу хенахь масех стаг вийра. Хӏинца гӏовттамхойн шина бӏе стагах лаьттачу жимачу отрядан кхаа декъе йекъайала дийзира. Дуьйран-Коьртан малхбален агӏонца Айсолтас къайллах хьалайалош старшинан Рогожинан колонна а йара. Ткъа шеца дикка бӏаьхой а болуш Эттан-Коьрта вахана Солтмурд а вацара гучуволуш.
Хӏетте а, булучу бодашкахула хьалхатеӏа мостагӏ цкъа йухавоккхийла нисделира Коьрин. Йетта тоьпаш цхьана масех минотехь лагӏйелира.
– Йухабевлла-те уьш? – хаьттира тоьпан лога тӏе пӀелг биллина Іуьллучу Къайсара.
– Хӏан-хӏа, йухабевр бац уьш, – парггӏат жоп делира Коьрас. – Йа вай хӏаллакдан, йа шаьш хӏаллакьхила