алунах бага буьйлира уьш.
– Хьо гуттаренна а вуьсу цӏахь. Аьлча а, тхуна тӏаьхьа ца вогӏу хьо.
– Ахь хӏун дуьйцу, ва ӏаьлбаг!.. – цӏеххьана ӏаьлбагна дуьхьалвирзира Овхьад.
Амма цуьнан хьажаро дӏатевира иза.
– ТІаьхьаван пурба дац хьуна, – элира Іаьлбага, аз айдеш, тӏаккха гӏийло тӏетуьйхира: – Тхо саннарш дуккха а бу Нохчийчохь. Молланаш а, цхьа элп цахуурш а. Майра а, доьналла долуш а. Халкъан дуьхьа синош дӏадала кийча тӏемалой. Амма хьо саннарш бац. Берса а, хьо а саннарш. Оьрсийн мотт-ӏилма а хуу, амма халкъана тешамениш. Берса а кӏелвисина. Хьо цхьаъ вуьсу, Овхьад. Амма хьан аьтто бу хьо санна итт кхио. Цара а хӏораммо итт-итт кхиор ву. Хьанна хаьа, цхьа шовзткъе итт шо далале, хьо санна кӏентий бӏеннаш хила а ма мега. Тӏаккха гӏертар дац вай бӏаьрзе хьалха. ТІаккха хуур ду вайна хьаьнца, муьлхачу новкъа даха деза. Ӏумма-Хьаьжега сан кост дӏа а кхетадай, Гуьржех дӏагӏо. Церан махка тӏе ма-веллинехь, дукха гена йоццуш Коби цӏе йолуш йурт йу хьуна. Цигахь аьчка-пхьар Гиго Беридзе цӏе йолуш стаг а хаттий, цуьнга хӏара мухӏар гойтур ахь, – ӏаьлбага, шен пӀелгах даьккхина, ӏаьрбийн йозанан хьаьркашца йазйина горга экъа йолу дато мухӏар кховдийра Овхьаде. – Оцу стага вига веззачу дӏавуьгур ву хьо. Кхидӏа дан дезарг тӏаьхьарчо гойтур ду хьуна. Варийлахь, ларлолахь. Хьо дӏавахале, аьтто хилахь, Берсех а кхета. Схьахила, маравуллу ас хьо.
– Оьшурий-те со цига дӏаваха? – хаьттира Овхьада, шен чӏениг ӏаьлбаган белша тӏе а таӀийна.
– Оьшу, Овхьад, – меллаша лерехь жоп делира Іаьлбага. – Варийлахь, диц ма делахь ас аьлларг. Хьой, Берсий саннарш кхиабелахь. Сан весет ду хьуна иза.
ТІаккха, вовшийн марара а ваьлла, куьйгаш дӏа а ца хоьцуш, вовшашка хьаьжира и шиъ…
Цхьа сахьт далале, чевнаш хилларш а, могаш боцурш а дӏа а къастийна, шеца бисинарш багарбира ӏаьлбага. Уьш кхузткъа вара.
– Ма тамашийна нисделла хӏара! – элира цо уллохь лаьттачу Коьрега.
– Хӏун хилла? – ца кхийтира Коьра.
– Вай дуьххьара байракх ойъуш а кхузткъа стаг вара соьца, кху тӏаьххьарчу дийнахь а кхузткъа нисвелла.
– Диканна хила ду, – тидира иза Коьрас.
– Амма оцу хьалхалерчу кхузткъаннах ах сов бац тахана вайца… Цхьаберш байъина, цхьаберш,