сохьтехь вуьйжира бӏе сов стаг. Ӏаьлбаган а, цуьнан накъостийн а аьтто белира, го а хадийна, Согӏратӏла йухабовла.
ЦІадахьар йожаро кхерийна Гӏазгӏумкара гӏаттаман куьйгалхой сихбелира Меликовна хьалха корта тоха. Ша Гӏазгӏумкан хан кхайкхийна Джафар-хан хьалха а волуш, таронаш йолу нах Меликовна тӏебахара. Амма къехойх ца вахара цхьа а. Уьш цхьаберш лаьмнашка, цхьаберш къилбаседехьа, СогІратІла, бахара.
Цхьа кӏира даьлча, ТІилитІлах а дира Цӏадахьарах диннарг. Хӏара ларйечаьрца вара ӏумма, Залмин Дада, Тангӏай, Лорса-Хьаьжа, ӏуммин ши кӏант. ТІилитӏла йохийра Нохчийчохь гӏаттам хьошуш зеделларг долчу инарло Смекаловс а, подполковнико Лохвицкийс а. Кхузахь даррехь тешнабехк бира дегӏастанхойн гӏаттаман коьртачу куьйгалхочо прапорщико Муртаз-ӏелас. Го а бина, тӏе йаккхий тоьпаш йетта йолийча, йурт дӏайелира цо. Йурт дӏайелла а ца ӏаш, шех къинхетам бийриг Смекаловн кара дӏабелира нохчий Тангӏай, Лорса-Хьаьжа, суьйли Махьди. Амма ӏуммин а, цуьнан шина кӏентан а, кӏеззигчу накъостийн а аьтто хилира, тӏамца го а хадийна, кӏелхьарбовла.
ТІаккха цхьа кӏира тоьира инарлина Меликовна Дегӏастанарчу гӏаттаман тӏаьххьарчу туьшана – СогӏратІлана – тӏекхача. Хӏинца цига гулбеллера халкъан гӏуллакхна тешаме бисина дегӏастанхойн а, нохчийн а гӏовттамийн берриг тхьамданаш – дегӏастанхой: ӏабдурахьман-Хьаьжа, Мохьмад-Хьаьжа, ӏабдул-Межед; нохчий: ӏаьлбаг-Хьаьжа, ӏумма-Хьаьжа, Залмин Дада, Іуммин кӏентий, кхин дуккха а.
Шина дийне белира тӏом. Хьалхарчу дийнахь делккъалц йаккхийчу тоьпашца этира гӏовттамхоша йуьртана гонаха йина чӏагӏонаш, тӏаккха штурм йолийра хьалхарчу бӏаьвнна тӏе. Гӏовттамхоша масех сохьтехь йухабиттира хьербевлча санна тӏелета салтий. Амма, дуккха а накъостий эгча, суьйранна, бӏов дӏа а йелла, цхьаберш ларми чохь чІагӏбелира, бисинчара тӏехьара чӏагӏонаш дӏалийцира.
Лаьмнаш дегош, къекъара тӏом. Хӏара санна де ца гинера Іаьлбагна хӏетталц. Зударший, бераший хӏоъ-молха а, мала хи а кхоьхьура. Цара дӏатекхабора чевнаш хилларш а. Сих-сиха Іаьлбагний, ӏумминий тӏехӏуьттура дегӏастанхойн имам Мохьмад-Хьаьжа.