веларца куралла, кхардам, цабезам а хезара Орцина. Ткъа цамгаро хабийначу Берсин мокхачу йуьхьа тӏера цуьнга хьоьжура ткъесах къегаш майра ши бӏаьрг. Ша тӏаьхьасацарх дохковаьлла, оьгӏазваханчу Орцас чож дагош шед туьйхира говрана. ТІаьхьарчу когаш тӏе а хӏоьттина, хьалхакхоссайелла, дӏаиккхинчу говро хоттан дарц туьйхира Берсина тӏе. Амма иза воьлура, кӏаж а вахана.
– ЖІаьлеш-йаӏ, жӏаьлеш!.. – куьг хьаькхна, бӏаьрхиш дӏадехира цо. – Йалхой! Лайш!..
Цӏеххьана йаьхкинчу йовхарша сацийра цуьнан велар. Деге куьг а диллина, шалхавахна, йовхарш тоьхна, Орцина тӏаьхьа а хьаьжна, цӏийх дуьзна туй дӏатесира цо. ТІаккха, хьала а гӏеттина, меллаша гӏожа тӏе а теӏаш, ша Іачу хӏусаме дӏаволавелира.
Цхьана сохьтехь гучубаьлла, лаьтта хьежна малх къайлабаьккхира ӏаьржачу мархаша.
Новкъ-новкъахь садоӏуш, суьйранна цӏа кхаьчна Берса, хатташа йуьзна мачаш когара дӏа а йаьхна, кетар дӏа а ца йоккхуш, ши ког кхерча а тоьхна, товханна хьалха лохачу гӏанта тӏе хиира.
Вуьшта а хӏокху цӏемзачу гуьйренан тӏуьна шело дегӏах чекхйуьйлура цунна. Когашкара хьала дегӏ дохдала доьлча, кӏез-кӏезиг совцуш, дӏатийра йовхарш а, левсино санна, «хьаз-хьиз» ден пехаш а.
Дӏакхевдина, терхи тӏера схьаэцна жима шиша а даьстина, оцу чуьра дечиган ӏайга тӏадам а божийна, тӏе хи а доьттина, масех тӏадам дӏамелира Берсас. Дарбано бага къахьйина, йуьхь чӏичкъашка йахара. Жимма ӏийна, хих цхьа-ши къурд бира цо.
Хӏумма а оьший хатта, чуйеара хӏокху хӏусаман нана.
– Чай дац хьан, Зара? – жимма ийзалуш, хаьттира Берсас. – Нагахь делахь, шура а тохий, кӏеззиг тӏе даьтта а диллий, лохьа суна. ХІокху кхерча кхосса дечиг а дахьа. Со дӏаваххалц, мукъайер бохург хир дац хьан, – гӏийла велакъежира иза.
Пешаца лаьцначу уьн тӏехь лаьтта чиркх а латийна, шиша дохдаллалц, цӏе гӏелйеш, милт чу а оьзна, араелира Зара. ТІаккха, мор буьззина дечиг дохьуш чу а йеана, иза товханна уллохь, нийса нисдеш охьа а диллина, милт хьала а оьзна, чиркхан цӏе серлайаьккхира цо.
– Хӏума кхоллур йарий ахь?
– Хӏан-хӏа. Хьеший схьакхаччалц ӏа со. Паргӏат хила, Зара. Дукха йехийла хьо.
Чай молучу кхийра кедахь деана шура тоьхна тодина гӏалмакх чай мелира цо