– Пхьегӏаш ма кӏезиг йу вайн?
– Уьш-м хир йара. Ловзарга богӏучу зударша йохьур йу.
– Ловзар дан сацийна аш?
– Дера, Къайсар, и Болат тхаьш вина велахьара-м, и ӏалагӏожа йийр ма йацара оха, – доккха садаьккхира Айзас. – Болат цхьа-а стаг ма ву… Да-нана, йиша-ваша доцуш. Шен нах хиллехь, гӏуллакх иштта атта доьрзур дацара бохург цунна дагадарна а кхоьру. Сан йетт а буьйр бу вай.
– Дера, буьйр бац цхьа болу хьан цхьа йетт-м, – сацамболлуш дош элира Къайсара. – Оцу тӏе даьлча-м, Болатан доттагӏий бу, хӏуъу дан а, листа а карахдер долуш. Аш шайн зударийн гӏуллакхаш де, ткъа ловзарх дерг ас сайна тӏелоцу.
«Тӏелацам бар-м атта хилира сан, амма и кхочушбар муха хир хаац-кх», – ойла йора Къайсара, ураме ваьлча. Ойланца шен доттагӏийн хӏусамашкахула, божалшкахула, гӏотанашкахула волавелира иза. Юсупан кертахь пхи-йалх газа бен йац. Янаркъа жимма гӏоле ву: ӏаспаран[4] тайпа йелахь а, тӏехууш говр а, цхьа аьттан цІоьллак а йу цуьнан. Аьрсамирза а, БІаьштиг а, Лорса а цуьрриг зовкх хьоьгуш вац. Уьш а стохка-лурчах бахахевшина. Важа бисина йуьртахой оццу хьолехь бохку. Ӏаьлбаге гӏо дехча? Хьалдолуш бацахь а, къен бац уьш. Кхин дацахь а, иттех корта даьхний, говраш, гӏеххьачул жа а ма ду оцу вежарийн. Амма, нехан йуьрта а вахана, гӏо муха доьхур ду? Ӏаьлбага-м кхоор дацара шен са а. Цхьа некъ ца лехча-м валац».
Оцу ойланашца вахана Янаркъин кетӏа хӏоьттира Къайсар.
Кетӏахь, гоьллец хечин когаш хьалабина, цӏийвелла, дечкан хьостамех ловзуш воллура Янаркъин кӏант
Темуркъа а, Дасин Тасу а.
– ЦІахь вуй дада? – хаьттира Къайсара, ша тергал ца веш хьаьсарта вахана воллучу Темуркъе.
– Вац, – хьала а таьІна, охьайахана хеча цІонге кхаччалц хьалауьйзира кӏанта.
– Стенга вахана?
– Хаац.
– Хьо оьгӏазе ма ву, Темуркъа? Эшийна-те?
– Йалх хьостам баьккхина ас, – курра корта хьала а тесна, оллайелла марш хьала а оьзна, мера чохь къайлайаьккхира Тасус.
Гома Тасуга хьаьжира Темуркъа.
– ДІайалахьа, маршокка! Хьостамаш йу ахь йаьхнарш? Хӏара чӏешалгаш!
– Делахь, хьайн диканиш схьада!
– Диканиш ловзадо хьоьца?
– Вахьац!
Ши кӏант дов деш а витина, Аьрсамирзагӏаьрга вахара Къайсар. Цхьадика, цигахь карийра цунна Янаркъа а, Лорса а.