тӏехдаьлла хӏума аш лелор доьхку ас шуна.
Нахана йукъахь цхьаццанхьа гӏовгӏанаш йевлира резабоцуш. Амма, ӏаьлбага куьг хьалалаьцча, тапъаьлла дӏатийра уьш.
– Ас йуха а боху шуьга, вешан маршо, латта йухадерзадаллалц, зуькарш, вирдаш дитина, герз буйнахь дойш тӏехь хила дезар ду. Дийнахь а, буса а. Толам баккхалц йа ӏожалло леццалц. Цхьа а тайпа чІеӏамаш ма хезийла суна! ГІуллакх дӏадолорах лаьцна аьлча, оха, цхьа кхеташо а йина, тӏаккха тхешан хилла сацам цхьа кӏира далале тӏекхачор бу шуна. Со дерриг аьлла вели.
Овхьад хьоьжуш лаьтташехь, цӏеххьана хийцавелира ӏаьлбаг: цуьнан дегӏ, нисделла, дуладелира, бӏаьргаш ткъесах къегара. Баттара даьккхина детица кхелина тур хьала а лоцуш, цо элира.
– КІентий! Илли ала вай – вешан дайн илли!
Нахана йукъахь шовкъе маьхьарий девлира. Амма уьш дӏатедира, оцу адамийн маьхьарий къардеш, доладеллачу Нурхьаьжин озо:
Тхо цкъа а цхьанненна
Къарделла совцур дац,
Маршо йа Іожалла –
Шиннах цхьаъ йоккхур йу…
– Къена лом, Солтмурд, хьо стенна лаьтта йуьстах? – цуьнгахьа вирзира ӏаьлбаг. – Тӏехилахьа, Солтмурд!
Солтмурдан хьаьрса мекхаш делакъежира, айъаделира, хьаьжа тӏера хебарш шарделира, шен андий цергаш гучу а йохуш, мохь туьйхира цо:
Мокхазан ламанаш,
Даш хилла, лаларах,
Мостагӏийн арданго
Тхо гора эгор дац!
– Сайдул-Хьаьжа! Лорса-Хьаьжа! Цкъа а къона ца хилла шу? Шаьш нохчийн халкъан кӏентий хилар гайтийша аш а!
Сира мажош некха тӏе а кегйина, илли алар шайгахь товш ца хеташ тийна лаьттачу баккхийчу нехан догӏмийн пхенашкара цӏий туьйлира коьртарчу чалбанел. Мекхаш а шардина, аьрру куьйгаш лере а лаьцна, йуккъера дӏадолийра цара берахь дуьйна шайна дагахь ӏемина халкъан турпала илли:
Бос ӏаьржа ва латта
Молханах лелхарах,
Тхешан сий доьхкина,
Тхо лаьтта доьрзур дац!
– Айде, кӏентий!
– Маршо йа Іожалла!
Мацалло хьовзадахь,
Орамаш дуур ду.
Хьогалло тхаьш бӏарздахь,
Бецан тхи мийра ду!
Цу лаьмнийн хьехнашкахь
Шах цӏераш летор йу,
Тхайн таррийн йуьхьгашца
Уьш марсайохур йу!
– Хӏейт, гора, Къайсар, йаӏ!
…Хӏоьънаша зарзйина
Тхайн чорда башлакхаш
Къоначу воӏарийн
Белшаш тӏе туьйсур йу!
…Мостагӏех летачохь
Ӏожалло тхаьш лецахь,
Тхайн метта дӏахӏиттар
Царна тӏедуьллур ду!..