доцуш… Хӏара дагахь кхойкхуш хилла-кх ахь кхуза бӏаьрзе Хьамзат. Соьга цуьнан иллешка ладегӏийта. Хьан кийрахь-м Адин Сурхон дог дара, ткъа со йац-кх, цуьнан нана санна, къонах…
Ӏаьлбага дайн куьг хьаькхира ненан сирйеллачу месашна.
– Ледара ма хилал хьо, нана. Адин Сурхон нанас шен цхьаъ бен воцу кӏант дӏавелла халкъана, ткъа ахь лург йалханнах цхьаъ ву.
– Хьо дӏахьажийна, цӏахь ӏийр ма вац висина пхиъ, – эххар а собаре йеана, доккха садаьккхира нанас. – Уьш а гӏур ма бу хьуна тӏаьххье…
Іаьлбаг кхийрина киртиг, ва Дела аьлла, чекхйолуш йацара. Ненан бӏаьрхиша а, детталучу къеначу даго а борура цуьнан кийра.
– Ас муьлханиг къастайе шина ненах? – нанна хьалха гора а воьжна, шен корта цуьнан кара биллира ӏаьлбага. – Хьо а нана йу сан, даймохк а нана йу сан. Цхьамма – сецаво, вукхо – дӏакхойкху. Ахь пурба лахь, вайн къеначу нанна орцах воьду со… Ахь пурба ца лахь, со муха хьежа веза цуьнан бӏаьра?.. Вайн массеран а нана, нанойн а нана ма йу иза…
Ӏаьлбагна хезара ненан деттало дог кӏез-кӏезиг паргӏатдолуш. КІентан корта шина а куьйга меллаша хьала а таӏийна, цуьнан хазачу бӏаьргаш чу хьаьжира
Хӏангӏаз:
– Ас цунна дӏало-кх хьо, ӏаьлбаг. Ас даймахкана, халкъана ма дина шу, – олуш. Тӏаккха, охьа а таьӏна, довха барташ дехира цо кӏентан бӏаьргашна, хьаьжна, хьийзина маж йаьллачу беснешна. – Хьалагӏаттал. Схьахьажал соьга. Гой хьуна, со шек а йац. Хьайна паргӏат дӏагӏо. Дала гӏо дойла-кх хьан а, шу массеран а!..
Амма, кӏант араваьлча, маьнги йисте а лахйелла, шина а куьйга корта а лаьцна, маршо йелира цо ша хала садетташ къийлинчу дагна…
Хӏусамненаца дерг иштта хала а ца листира ӏаьлбага.
– Же, Зезагӏаз! Со тӏехьийзачу хенахь санна, кочо йелалой, цкъа дуьхьал хьажал суна, – бӏаьрг таӏош, корта тесира Іаьлбага. – Кхин а, кхин а. Хӏай-хӏай! Нускал-м хьаха дац ледара! Ткъа хӏинца схьакховдадел сан тур!
Хуьлуш дерг хиъна, синтем байна хьийза Зезагӏаз. Майрачун дог эцархьама, шен деган бертаза цо бохург дан йуьйлира. Пенах тоьхначу истанга тӏехула кхозу детица кхелина тур схьа а эцна, шиний куьйга дӏакховдийра цо.
– Ткъа хӏинца схьайал хьайн бесни. Важа а! Марша Іойла хьо!
Цхьа ах сахьт далале, шеца масех бере а волуш сирачу