Рукъаййатан дас Тамим бин Авс ад-Дарийс (Аллахӏ реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) пайхамара (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
««Дин - догцӏеналла гучуяккхар ду». Оха хаьттира: «Хьенан хьокъехь?». Цо элира: «Аллахӏан а, Цуьнан Жайнин а, Цуьнан элчанан а, бусалба нехан куьйгалхойн а, массо бусулба нехан хьокъехь а»».