Абу Зарра (Аллахӏ реза хуьлда цунна) аьлла, (цкъа) цхьана наха элира аьлла:
««Хӏай, Аллахӏан элча! Баккхийра бахамаш болучарна хир ду-кха (массо) совгӏаташ: оха санна ламазаш деш ма буй уьш, оха санна марханаш кхобуш а ма буй уьш. Делахь а, цара кхин а шайн хьолах совдаьлларг сагӏийна а ло».
(Царна жоп луш, пайхамара (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Ткъа цуьнах шун сагӏа дала (йиш хир йолуш) Аллахӏа шун а ца бина аьтто? Боккъалаъ, хӏора «Субхьаналлахӏ» («Сийлахь ву Аллахӏ») алар - сагӏа ду, хӏора «Аллахӏу акбар» («Аллахӏ Воккха ву») алар - сагӏа ду, хӏора «Алхьамду лиллахӏ» («Аллахӏана хастам бу») алар - сагӏа ду, хӏора «Ла илахӏа иллаллахӏ» («Кхин дела вац, Аллахӏ воцург») алар - сагӏа ду, иштта диканиг де алар - сагӏа ду, вониг ма де алар - сагӏа ду, шух муьлххачуьнан а шен зудчуьнца вижарехь догӏу гӏуллакх дар а - сагӏа ду!».
Цара хаьттира: «Хӏай, Аллахӏан элча! Тхоьх цхьамма шен дегӏан лаам ӏаборехь а ю цунна ял хуьлуш?!».
(Жоп луш) цо аьлла: «Ткъа алал соьга, цо шен (дегӏан лаам) хьарамчу кепара ӏабийча къа хуьлуш дац цунна? Цуьнах терра, цунна ял а хир ю - цо и магийначу кепара дахь.»