Абу Нажихь ал-ӏирбад бин Сарийас (Аллахӏ реза хуьлда цунна) аьлла:
«(Цкъа) Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьехам бира тхуна, цуьнах тхан дегнаш кхера а луш, бӏаьрхиш а доьлхуш. Тӏаккха оха элира: «Хӏай, Аллахӏан элча! Ӏодика ечо (гӏуллакх) дерзош бечу хьехамах тера бу-кха хӏара хьехам, хьехар дехьа тхуна!».
Цо элира: «Хӏан, хӏара ду шуна сан хьехар: доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу Аллахӏах а кхера, лай велахь а шайна куьйгалле хӏоьттийначуьнга ла а догӏа, (цунна) муьтӏахь а хила. Боккъалаъ, шух дукха ваьхначунна дуккха а барт бацарш гур ду. Цундела, цхьана а хӏумангахь оцу тӏера юха а ца довлуш сан суннатана а, нийсачу новкъахь лелачу бакъ халифийн суннатана а тӏаьхьадаза. Керла юкъадаьхначу хӏуманех (бид1атех) лардала ма деззара ларло, хӏунда аьлча хӏора керла юкъадаьккхинарг (бид1ат) – тилар ду.»»