Цул тӏаьхьа (аят) дийшира цо: «Цара шайн агӏонаш меттара хьалаиййо (хьалагӏиттайо).» («ас-Саждат»: 16-17).
Цул тӏаьхьа элира цо: «Аса дийций хьуна оцу гӏуллакхан коьртах, цуьнан бӏогӏамах (гӏорторах), цуьнан бохьах а лаьцна?».
Аса элира: «Хӏаъ, хӏай, Аллахӏан элча».
Цо элира: «Оцу гӏуллакхан корта – Ислам ду, цуьнан гӏортор - ламаз ду, ткъа цуьнан бохь - Жихӏад ду».
Цул тӏаьхьа элира цо: «Оцу дерригенан коьрта дакъа хӏун ду дийций аса хьуна?».
Аса элира: «Хӏаъ, хӏай, Аллахӏан элча».
Цул тӏаьхьа, шен мотт схьа а лаьцна, элира цо: «Хӏара (мотта) юхаоза хьайн».
Аса элира: «Хӏай, Аллахӏан пайхамар! Ванах, тхоьга жоп доьхур долуш ду-те оха дечу къамелашха а?».
Цо элира: «Нана йиса хьан хьо воцуш хӏай Муӏаз! Ткъа, нах шайн яххьаш тӏе (я марош тӏе) жоьжагӏати чу кхуьссур болу бахьана церан меттанаша дийцина эладиттане къамелаш бен дуй?!»