34-гӏа хьадис. Вониг дӏадаккхар - Ислам динан декхар (парз) ду
عَنْ أَبِي سَعِيدٍ الْخُدْرِيّ رَضِيَ اللهُ عَنْهُ قَالَ سَمِعْت رَسُولَ اللَّهِ صلى الله عليه و سلم يَقُولُ: "مَنْ رَأَى مِنْكُمْ مُنْكَرًا فَلْيُغَيِّرْهُ بِيَدِهِ، فَإِنْ لَمْ يَسْتَطِعْ فَبِلِسَانِهِ، فَإِنْ لَمْ يَسْتَطِعْ فَبِقَلْبِهِ، وَذَلِكَ أَضْعَفُ الْإِيمَانِ" . [رَوَاهُ مُسْلِمٌ].
Худрерчу Абу Саӏийда (Аллахӏ реза хуьлда цунна) дийцина, Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла:
«Шух муьлхха а вониг гиначо - шен куьйга дӏадоккхийла и, нагахь шега и ца далахь - шен маттаца, ткъа нагахь иза а ца далахь - шен дагца, ткъа иза - уггар гӏийла иман ду»