Бӏаьсте! Мел хаза ду и дош! Мо́жа бовха малх, сийначу ба́цалахь бес-бесар зе́загаш! Аз хаза олхазарш! Каникулаш!
Школехь йиъ класс чекхйаьккхина аьхкенан кхаъа баттана цӏахецне́ра жима кӏант Беслан. Хӏун дийр дара хӏинца-а!
— Э-э! Мел дукха ду-кх самукъада́лан хӏумнаш. Чӏе́рий лецар – цхьаъ, хинчохь луьйчуш некаадар, тӏаккха малхо йохйинчу бердйисттера гӏамаршна йуккъехь ӏиллар – шиъ! Масане ду уьш, дагардина а ве́р вац-кх! — ша́ шена жоп лора Бесланас.
— Книгаш йешар! На́нна гӏодар! — тӏетухура на́нас.
— Книгаш-м школехь йоьшуш а кӏордийне́ра, — ре́за ва́цара кӏант не́наца.
Амма кестта кӏантана карийра ше́н самукъадаккха хӏума. Рагӏу́н кӏелахь соннехь да́дас вислпет тойинчохь кӏантана карайеара йаьттӏа резинан камера. Мел кӀе́да резинан пхе́наш девлира цунах, тукарца Бесланас хадийча. Мел хаза ӏад хилира цунах! Ха́дийна ши а́са пхе́наш цкъа хьалха тӏаьрсиган йо́ца асийца вовшаха а тесира кӏанта. Тӏаккха бешара ӏожах шалгу га а кагдина, цунах ӏаддаргӏа а йина, резинан а́санаш цунна тӏетесира цо.
— Хӏинца, хьо́занаш, ларлолаш! Ас тӏулгаца ло́цур ду мел сиха хьо́за а! – дов дира цо, хӏокхунах ца кхе́тачу хьо́зашна.
Ше́н керладина ӏад му́ха кхе́та хьажа-м, Беслан беша вахара. Гаьннашна йуккъехь цо сема лоьхура хьулделла хьо́за. Заза даьккхинчу хазчу гаьннашна тӏехь ӏаш долчу жимчу хьо́зана-м ца хаьара мел буьрса герз дохьуш во́гӏу Беслан. Ца́ра-м адамаша шайна вониг дийр дац-кх, — аьлла тешна маьрша льоькхура бӏаьстенна шайн э́шарш «чӏиркъ – чӏиркъ!» бо́хуш. Оцу зевне аьзнаша-м уьш гучу а до́хура шайна тебаш волчу кӏантана. Хаза даьккхинчу зазана йуккъехь туьркан диттан гаьннатӏехь ӏаш дара мо́къа хьо́за. Бӏаьстенах самукъадаьлла, цо-м ше́н жимчу зӏакарца цӏандора ше́н тӏе́маш. Цкъа цхьа тӏам пондар санна озабой бахбора цо, йуткъачу зӏокарца чекхдо́луш, тӏаккха шолгӏа тӏам.
Амма Бесланас къинхетамза хьажийра ше́н буьрса ӏад. Уозийна хийцира цо горга тӏулг оцу хьо́зана. «Тӏах!» — аьлла хьо́зана улло́рчу ге́нах а кхе́таш тӏера заза а о́туш дӏабагӏара тӏулг. Хьо́за-м кхераделла ша́ ӏаччохь кхоссаделла, тӏе́маштоьхна гучура де́лира оцу сохьта.