йина и шиъ ве а, цу шиннан ши нускал шена дерзо а. Ахьмадан зуда шекьйаьлла элах, цо ша шекьерг шен майрачуьнга дӏадийца хьем ца бина. Ахьмаде цо аьлла:
— Вай деаммо а чӏогӏа терго а йо, гӏиллакх а леладо элаца, амма иза тӏаьхьа-тӏаьхьа вайца оьгӏазе а, кӏоршаме а ву, пул сов, кечдеш герзаш а ду цуьнан. Цо хьуна а, хьан вешина а вон дарна ма кхоьру со. Цунах ларлуш а, хьожуш а хилахьара шуьшиъ. Вайна уггаре а дуьне дезачу хазачу хенахь, вайн вовшашка цкъа а дӏабер боцуш мерза а, чӏогӏа а безам болчу хенахь, вай вовшех къастахь, иза лалур дац-кха тхойшинга. Шуьшиннах тхойшиъ йалахь, хӏара дуьне къахьлур ду-кх тхойшинна. Цул тӏаьхьа самукъа ца долуш, самалха ца долуш, йала бен ца деза-кх тхойшиннан.
Шен нускало и къамел динчул тӏаьхьа, Хьасане хӏумма а ца олуш, чӏогӏа ша ларлуш а, Хьасан ларвеш а лелла Ахьмад.
Цхьана сарахь гуттар а чӏогӏа шекдаьлла Ахьмад а, цуьнан нускал а элан леларх. И шиъ, дерриге а дитина, Хьасангӏар а, шаьш а цунах ларда хиина, охьа а ца дуьжуш, Хьасанан чохь дӏа а лечкъина.
Цхьаъ хилла цу шиннан сагатдеш: хӏинций-хӏинций эла чуволу-кх шайна, бохуш, хилла церан дегнаш. Палат а ца доьвлла церан дегнаш: дукха хан йалале, неӏарал чоьхьа баттара даьккхина тур а долуш чуваьлла эла. Элас тур айар, Ахьмада цунна тур тохар а цаӏ хилла.
Вихина ара а такхийна, гӏалина гена а ваьккхина, дӏавоьллина Ахьмада а, цуьнан нускало а эла. Йамартлонна бекхам хилла.
ӏуьйранна гучуволуш ца хилла эла. Вовшашца бертахь а, мерза а бехаш Хьасангӏар, Ахьмадгӏар а хилла.
Хьасана а, цуьнан нускало а хоттуш хилла:
— Стенга вахна-те эла? Гуш ма вац и! — олий. Ахьмада жоп луш хилла:
— Гуш а вац, гур а вац! Вай ловзар дан кечдала деза!
Ша динарг Ахьмада дийца а ца дийцина, Хьасанна и хаа а ца хиъна.
Тӏаккха ловзар дан кечвелла цу гӏалахь мел верг. Тӏеоьхучу хьешийн чаккхе ца гуш, кхаа дийнахь, кхаа бусий ловзар а дина, хаза бертахь баха хоьвшина вежарий.
Вай жимма сихделлехьарий, вай а кхуьург хиллера ловзарга.