Оцу лекхачу Башламан тӏера охьанехьа лахлуш догӏу лаьмнаш, раьгӏнаш, хьаннаш кхачалуш Нохчийн аренга кхевддачу меттехь ӏуьллуш йара жима ламаройн йурт. Генарчу лаьмнашна тӏера сиха хьаьдда догӏуч меттигера хишка хьаьжича, дикка доккха ларалуш хи а дара оцу йуртан йисттехула охьахьаьдда доьдуш, лахахь цхьана дикане сатуйсуш санна сихделла. Оцу йуьртаца цхьа агӏо хоттайела-йаланзий лахенгахь хица охьанехьа кӏотар йара. Кхечу йарташкахь ӏаш берш хьега ца бан оцу йуьртан цӏе йуьйцура йац вай. Амма кӏотаран цӏе йаьккхича цуьнан бахархошца кийчча дов-м дара. Къайлаха аса йовзийту шуна оцу кӏотарна кхоьллина самукъне «хутор Веселый» аьлла цӏе йаккхан мегаш дара и кӏотархой уллохь болуш а. Гӏезийн кӏотар алар-м, оцу хин йисттехь ӏуьллучу кӏотарарчу нехан алссама, гӏезиӏ олуш долу маьхьарен зӏаькардаьхни хилар хила а мегара. Делахь а, оцу кӏотархошна хезаш йаккхан йиш йацар-кха нохчийн кӏотаран цӏенна нохчийн цӏе, шайна киййчча дов ца дезахь. Мелла а гено, тилла ца валийта, оцу хинйистеша охьавахача, базар хӏоттал йоккхачу йуьрта а кхочура. Йарташ-м оцу хинца охьашершича, «Мусин гӏожмаш» санна йу, делахь вайн оцу йарташца кхин бала а бац. Цхьана бӏаьстан довхочу бахаран дийнахь оцу зӏаькардаьхнин цӏе йолчу кӏотаран лакхахь йуьллучу йуьртара ӏандаркъа цӏе йолу цхьа ламро вара лахенга охьагӏерташ. Вуткъа веха ламанхочун беха чо болу кхекхан куй гӏажна буьххье кхоьссича санна хетара. Охьаохкаделлачу куйнтӏера детта чоьшна йуккхера схьагуш мелла а тӏедаьлла мердукъ а, хьалахьаьвзина луьста ӏаьржа ши мекх бен дацара. Хан теккхина хиларна, бос дикка ца къаьсташ гӏовтал а йара лохара тӏемаш, хӏара техь ӏаш волчу кӏайн басахь виран, букътӏехула дехьий, сехьий охкаделла. Кӏайн вир хоьртала делахь а, цуьнан букътӏехь гӏовталан тӏемаш кӏелахь охкаделла таьлсаш а дацахьара, таьлсаш тӏехула тӏекхоьссина цхьана хенахь силга хилла стомма аьхна нуьйран бахьана а дацахьара, ламрочуьнга когаш-м лаьттахь текхаш хира бара, дукха беха болуш. Амма уггаре а боккха бахам гӏеметта хӏоьттинчу ламарочуьна, оцу хенахь дошлоша лелош хилла, йоца пхоьаза йолу топ йара, гихь кхозуш.