Амма Мӏаьчига шина а куьйга баьлча мел чӏогӏа теӏайарх, нох ца летара кхарзаделлачу, тӏе къух даьллачу лаьттах.
– Ассалам ӏалайкум, хьекъийла хьан,
Мӏаьчиг! – тӏехӏоьттира цунна Васал.
– Ва ӏалайкум салам! Дела резахуьлда хьуна а, Васал! Во-о-хьа! Совцал, бераш. Жимма садаӏийта цаьрга. Ахь хӏун до, Васал, хьо лаа вуй?
Нох дӏа а карчийна, шен гӏарло доьллачу куьйга Васалан куьг лецира цо.
– Мекха карор бацара-те аьлла, дукъа ваьллера со-м.
– Ца карий ткъа?
– Ас-м, башха лоьхуш, къа а хьийгин хьовха.
Кӏадделла багах чопаш туьйсу хьайбанаш дажа а ца кхевдара. Йетт ша болчче охьабижира.
– Цӏахь хӏун ду? Бераш могаш дуй? Мархет мича хьолехь йу? Валлахӏ, ва биллахӏ, Васал, хӏокху тӏаьххьарчу деношкахь шун цига хӏотта кхиош ма вац со.
– Сиха хан ма йу хӏара, Мӏаьчиг. Бераш а дика ду. Зуда а, иштта, шен цамгар токхуш йоллу. Жимахволу кӏант Юсуп вара тхан кху некъехь хорша оьхуш. Цунна а хӏинца гӏоли йу. Хьо-м цхьа хаза гӏуллакх деш воллу.
Мӏаьчига куьг ластийра:
– Ахар ду хӏара? Хӏокху хьардашна тӏехула нох хоьхкуш, котамаша мӏараш тийсича санна йо-кх. Тӏехула тӏе, аха кха мичахь ду? Хӏара хьаьрса поппар! Делан балица дӏайийнарг хьалакхиахьара а йара цхьа лар. Цхьана а шарахь ши гали хьаьжкӏаш а ца йевлла суна хӏокху тӏера. Ткъа цӏахь чоь йуьззина хӏара, – дӏо ӏачу шина берана тӏе корта тесира эццахь, – чӏевнеш йу, мацалла багош гӏовттийна, къийган кӏорнеш санна. Дена неӏалт хиларна, Хортӏина декхарийлахь вай со-м. Ӏосас хьайниг санна, шен декхарна эххар а цо хӏара коржам дӏаозорах вогу. Амма со дийна а волуш-м хир дац иза.
– Сан урд ца гуш-м, шен кӏесаркӏаг гур бара ӏосина.
Мӏаьчиг цецваьлла Васале хьаьжира.
– Ой, цу тӏе гота ма хьажий цо!
– Маца?
– Хӏинцца.
Макхвелла Васал, доьхкарх доллу жоммагӏа катоьхна схьа а даьккхина, некъ ца лоьхуш, дуьхьал дол-долчухула шен кха долчухьа дӏахьаьдира.
Сийсара набаро ша теваллац дукха ойланаш йира ӏелас, таро йоьхначу Васална гӏо дан некъ лоьхуш.
Шен йиша-ваша долчунна а хала даьхкина и шераш къаьсттина дахделлера, цхьа хиларал сов, чолакх а, боккхачу доьзалан да а волчу Васална.