Ахь культура, боху. Шекспиран, Байронан Англис Индехь, Америкехь а, дуьненан кхечу декъашкахь а дийриг ца го хьуна? Ткъа ша дуьненан культурин корта бу бохучу Францис Алжирехь дийриг? Оцу мехкийн правительствоша шаьш лело къизаллаш шайн халкъашка хоьттуш лелайо моьтту хьуна? Йа оьрсийн халкъо къобалдо паччахьо а, цуьнан правительствос а хӏокху Кавказехь дийриг? Хӏан-хӏа, господин Курумов, ас йуха а боху хьоьга, ас даггара лору оьрсийн халкъ, цуьнан культура. Амма Пушкинан генийс нохчий ца ларбира салтийн дӏаьндаргех, Лермонтовн маршонан стихаша уьш мацаллин ӏожаллех кӏелхьара ца боху. Уггар хьалха, нохчашна сискал, нийсо, лерам оьшу. Тӏаккхий бен культура тӏеэца хан, аьтто, ницкъ а хир бац церан. Гай меца хилча, культура дагайагӏац.
Оьзна йаьлла луьлла дӏайайча, дӏаса а хьаьжна, чим дӏакхосса меттиг лехира Курумовс. Луьлла схьа а эцна, чим соне дӏа а ӏанийна, йухайелира Берсас.
– Оцу тайп-тайпанчу якобинцийн, ипсилантигӏеран, владимирескагӏеран, нана-сахибагӏеран, кхеч-кхечу авантюристийн некъа ваьлла хьо, Берса.
Оцу некъо уьш мича бигна хаьа-кх хьуна? Эшафоташна, тангӏалкхашна, гильотинашна тӏе. Ткъа уьш просвещенни нах бара. Тӏеман, пачхьалкхан, политикин деятельш. Шаьш санначу кхетамна лакхарчу халкъашна тӏетийжина ца ӏаш, арахьарчу пачхьалкхашца йаккхий зӏенаш а йолуш. Ткъа хьо кху акхачу нохчашца, церан акхачу баьччанашца – ӏуммагӏаьрца, Атабигӏаьрца, Солта-Мурдагӏаьрца, фанатикца Кунта-Хьаьжица – кхузахь революци йан гӏерта. Дала маршалла дойла хьан цамгарна!
Полковникца къийса а, дов дан а ӏалашо йолуш ца веанера Берса кхуза. Амма доладелла даьлла дов толам цуьнгахь буьсуш дерза дезара. Ша бакъ волу дела.