Тайп-тайпана меттанаш, амалш, гӏиллакхаш долу маситта ламанан халкъ, цхьа буй беш цхьаьна а тоьхна, цхьа а тайпа экономически бух, герз дан промышленность йоцуш, арахьара хуьлуш цхьа а тайпа орца, гӏо доцуш, дуьненахь уггар йоккхачу, уггар нуьцкъалчу империна дуьхьал ткъе пхеа шарахь турпала а, толаме а къийсам латтийначу Шемале боккха лерам бара Берсин. Оцу хьекъалечу, майрачу ламанан кӏентан цӏе Наполеонан цӏарна улло а йуьллура Берсас.
Амма цхьаъ дара Берсина новкъа. Берсина хаьара къаьмнийн маршонехьа боламийн дукхахболчу тхьамданаша къийсамехь даим а, массанхьа а шайгара турпала хьуьнарш а, халкъан гӏуллакхна тешамалла а гайтар. Халкъан гӏуллакх эшна де тӏехӏоьттича, цхьа а тайпа осалалла, кхерар доцуш, шайн кортош майрра эшафотна, гильотинина тӏедехкира цара, тангӏалкхашна кӏел, йуьйлинчу тоьпашна хьалха хӏиттира уьш. Хьекъале, майра а, доьналла долуш а шен заманан, шен халкъан кӏант вара Шемал. Амма, халкъана тешамалла гайта деза тӏаьххьара де тӏехӏоьттича, кхеравелла, корта а таӏийна, мостагӏчунна хьалха хӏоьттира. Цул сов, хӏинца ша йийсарехь волуш селханлерчу шен мостагӏчун карара сагӏа баркаллица схьаоьцу, ткъе пхеа шарахь шена тешаме хиллачу, ша лийринчу, шех сийлахь-воккха стаг винчу, шен дуьхьа дуккха а цӏий ӏенийначу, ӏазап лайначу халкъашна тӏехь олалла муха латто деза а хьоьху.
Шена иза мел дукхавезахь а, ша иза мел чӏогӏа лерахь а, амма и шалхо Шемална гечйан ницкъ бацара Берсин.