Ломан дукъа тӏе хьалаваьлча, цунна гира дехьа басахула меллашчу боларахь чувуссу ши бере.
«Хӏаъ, Сайдулла, вайшиннан некъ цхьаъ бу, – бохура Мусас, берешка а хьоьжуш. – Дӏайахана, хьаргӏачу дина а хиъна, хьайн майрачу дошлошца хьо тӏаме хьийза хан. Дӏайахана и зама, хьан маршо а, сий а эцна. Хьо шайгахьа валарна, хьан куьйга хьан халкъ дӏатедан оьрсаша майоран чин делла хьуна. Амма вайша мел хьекъале, мел майра, мел хьуьнаре велахь а, царна гергахь, акха ши туземец бен, хӏумма а вац вайша. Кхузахь кхин лакхаваларе догдохийла дӏайаьлла. Хьуна уьш мел ца беза суна-м дика хаьара, амма цаьрга болу сан цабезам хьуна хаахьара!.. Вайшиннан ирс Турцехь ду. Бакъду, хьан махкахойн баккъашна тӏехулий бен вайша цига ваха-м лур вац. Хӏун дийр ду ткъа, цхьаннан бохам кхечуьнан ирсан лами ма бу. Хьайн ирачу туьрций, болатан дагций суна улло хьо хӏоттахь, сайн хьекъалца ас хьо хьайна гӏенах а ца гинчу дарже кхачор ву…»
Уггар хьалха цкъа делкъан ламазаш дарца Делан декхар дӏа а делла, тӏаккха токхечу шуьне хевшира хьеший.
Кавказан ламанхошна йуккъехь бӏеннаш шерашкахь схьадогӏу гӏиллакх дохо ца лууш, уьш кхача биъна бовллалц хеттарш ца деш ӏара хӏусамда. Тӏерачу дерстинчу дилхах цӏанло даьӏахкаш декъаза шуьна оьгура. Бӏаьрг тӏехӏотта ца кхиош лахлора жижиган, галнийн баьрзнаш. Хӏинцале дассийнера гуьржийн Цинандалин кемсийн дикачу чагӏаран масех шиша. Амма хьаж тӏей, логаххий дайн хьацар тохар бен, кхин шек бацара элдара догӏмаш долу зоьртала хӏусамдай а, хьеший а.
Детица, дешица кхелина стерчийн маӏаш уьйъуш, хӏусамдена, цуьнан доьзална, хӏирийн, нохчийн къаьмнашна йукъарчу доттагӏаллина а тӏера кедаш муьйлура цара.
Тӏаьххьара а кад хьала а лаьцна, дош ала пурба дийхира хӏусамдас Алхазан Мусас.