Евдокимовн ирсана, гӏуллакх тӏехдика дӏадоладелира, туркоша-м хьовха, англичанаша, французаша, итальянцаша, грекаша а кеманаш делира ламанхой хӏордал дехьабаха. Белла а, дийна а – ах миллион ламанхой цигара дӏабаха аьтто хилира Евдокимовн. Ткъа Михаил Тареловичан ницкъ кхачац атталла ткъа эзар нохчо а кхузара дӏаваккха!
Дуьнен чу волуш дуьйна а ирсе кхаж баьлла Николай Ивановичан! Фейерверкеран кӏант, йуьхьанца – магӏара салти, тӏаккха – Койсубулин пристав. Халлий бен йаздан а, деша а ца хууш, бодане стаг. Амма, шен пхи пӏелг санна, ламанхойн ӏер-дахар а, гӏиллакхаш, амалш а йевза. Шен майраллий, къизаллий, дукхахдерг – мекарлой а бахьана долуш, инарлин чине, графан титуле а кхечи.
Хӏаъ, эрна дац паччахьо Евдокимовн гоьваккхар. Ламанхойн дуьхьало каг ца йелла, инарлаш кӏелбисча, цо кхин а йоккхачу къизаллица карлайаьккхира массарна а йицйелла лаьтта мацахлера Ермоловн тӏеман тактика. Алексей Петровича дагарца болх бира Нохчийчохь, ткъа Евдокимовс – цӏарца. Системица тӏелатарш деш, кӏез-кӏезиг хьалхатеӏаш, амма ша тӏенисвелла массо хӏума – йарташ, даьхний, йалташ, хьаннаш, цанаш, докъарш – йагош, Нохчийчоь тӏаьхьалойоллуш дӏалецира цо.
Ермоловн «хьаннаш хьекха» боху кхайкхам «кӏур бе» бохучуьнца хийцира Евдокимовс.
– Тӏом ма бе нохчашца, – хьоьхура цо эпсаршна. – Мелхо а, тӏамах къахка. Йарташ, йалташ, хьаннаш, бошмаш, дежийлаш, цанаш, даьхний, докъарш хӏаллак а йай, йухадовла. Мацаллой, шелоной карабалор бу уьш. Цӏе, цӏе, йуха а – цӏе!