делла эзар туьма ахча ду соьгахь. И гӏуллакх ашшимма дахь, шуьшинна дуьсур ду иза, нагахь накъостий лецахь, цаьрца декъа дезар ду.
– Молланийн гӏоьнций бен тхойшиннан гӏуллакх нислур дац.
– И шуьшиннан гӏуллакх ду. Амма нахана гӏуллакх ма-дарра довзийта: йа, шайн даймахкахь леш хилла, сагӏадоьхургийн хьолехь дахар, йа шийлачу Сибрех кхалхар, йа Турцехь, бусалба вежарашна йуккъехь, маьрша, ирсе дахар. Боьалгӏа некъ – герзаца маршо йаккхар – хьеха а ма дайта. Шу дерриш а хӏаллакьхирг хиларан шеко йац вуьшта.
– Кхета тхо.
– Реза вуй шуьшиъ?
– Ву.
– Шаьшшиннан дашах вухур-м вац шуьшиъ?
– Тхан дош къонахийн дош ду, Муса.
Меллаша сейфа тӏе а вахана, цу чуьра Къуръан а, цхьа туп ахча а, хьарчийна кехаташ а дохьуш йухавирзира Муса.
– Хӏета, вешан барт дуйнаца чӏагӏбер вай, – Мусас Къуръан тӏе куьг диллира. – Ас, Кундухойн Алхазан Мусас, Далла кӏел хиъна, хӏара ӏуспанан Сайдулла а, Цугин ӏелаха а теш волуш кху Делан дезчу Къуръанах дуй боу, тахана ас кхушинга дийцинарг дерриг а бакъ ма ду, кхушинна делла сайн дош айса кхочуш а дийр ма ду аьлла. Нагахь со сайн дашах вохахь, сайн дуй къарбахь, кху шина стагана ас сайн цӏий хьаналдо. Тоьий шуна сан дуй?
– Оха хьоьга ца бийхира и дуй, – элира эхь хеттачу ӏелахана. – Тхо вуьшта а тешара хьан дашах.
– Амма ас шуьга боьху дуй. Сайдулла, хӏара Къуръан ду-кх хьуна. Дуй баал шиммо а, ас шайга йийцина пачхьалкхан къайле цхьаьнгге а соьгара йуй хоуьйтур дац, шаьш суна делла дош кхочушдийр ду, ас оцу дуйнах маьршаваккхалц, даима, массанхьа ас шайга аьлларг дийр ду алий.
Шега кховдийна Къуръан схьа а ца оьцуш, Мусига хьаьжира Сайдулла.
– Кхин ду цхьаъ, Муса. Цкъа-делахь, ахь хьалха элира, нохчашца цхьаьна хьайн доьзалца хьо туркойн махка кхелхар ву аьлла. Иза дуйнаца ца чӏагӏди ахь. Тхох хьо ца тешча, тхан а йу хьох ца теша бакъо.
– Делахь хӏета, ас йуха а, хьалха Дела а, шолгӏа шуьша а теш волуш дуй боу, нохчийн хьалха йоьдучу тобанца сайн доьзал Турце дӏабахийта а, тӏаьххьара йоьдучу тобанца со дӏаваха а, сайх тешна дӏавеана цхьа нохчо цигахь а вуьсуш, кху махка йуха ца верза а! Кхин хӏун оьшу шуна?
Сайдулла, резахилла, велакъежира.
– Тоьуш ду. Амма кхин а ду цхьаъ. Ахь тхайга йийцина пачхьалкхан