Атлазан гӏовталш, дӏа мел боккхучу когаца шах-ших деш, позументаш тегна атлазан шуьйра шарбалш, буьхьигаш ирххьаьвзина лекха эткаш йуьйхина гуьржий. Дуьхьалвогӏу цуьнан махкахо – эрмалойн совдегар. Тӏедуьйхина – кавказски чоа, коьртахь – московски картуз. Йоккха, горга гай, доца лергина мекхаш. Цунна гац гонаха дерг цхьа а. Схьахетарехь, цуьнан йерриг ойла дӏалаьцна шен коммерчески гӏуллакхаша. Цунна тӏаьххье схьагӏертара букъа тӏе бихкина кенех буьзна гӏайба а болуш имеретинец – муш . Иза къеста шен бӏегӏаган куйнаца. Йеха маж йолу гӏажари ву цхьа аьрша лекха хьаьрса куй коьртахь, шуьйрачу гӏовтална тӏехула оба а кхоьллина, гӏовтал тӏехула дихкинчу тӏергӏан йовлакхах йоккха шаьлта а кхозуш. Адамашна тӏехула а хьоьжуш, вогӏу чергази. Ӏаьржа маж, ира хьажар, коьртахь – холхазан куй, когахь – цӏечу тӏаьрсакан кӏархаш, къевллина йукъах дихкинчу дуткъачу доьхкар тӏехь – шаьлта а, шиъ тапча а.
Йуьстахъхӏоьттина лаьтта къона курд. Цунна тӏехь йу сийна а, можа а чимчаргӏаш тӏетегна цӏен куртка. Шуьйра, сийна шарбал, механа йеза цӏен эткаш, коьртах хьарчийна къорза чалба, хаьн тӏехь кхозуш – туркойн гома тур.
Нахе, некъ бита бохуш, мохь бетта хи чохь доккха ши китт тӏехь долчу говр-ӏаспаран йуьхь лаьцна вогӏучу тулухчас . Калбанийн эчиган кӏажош тӏулгех детташ, меллаша дӏасалела когашкара дуьйна коьрте кхаччалц дерриг догӏмаш кӏадешла хьарчийна йуьхь-дуьхьал кӏайн чадраш оьхкина зударий. Йаккхийчу мажошца оьрсийн муьжгий, стаммий зударий. Сих-сиха дуьхьал нисло тӏехь формица салтий.
«Хӏун оьцу аш? Схьадуьйла, йорах лур йу!» – тӏехбийраш чу а боьхуш, пондарш лоькхуш, шайн туьканашна хьалха хевшина ӏа баккхалчаш. Мачийн пхьалгӏанаш чуьра схьа – жӏаьвнийн тата, ткъа кетарш йечийн цӏеношкара схьа шайн ницкъ ма-ббу чӏогӏа мохь хьоькхуш иллеш хеза. Герзийн пхьалгӏанаш чохь – жӏаьвнийн татанаш, херхийн а, кевнийн а цӏийзарш. Ураман шина а агӏор цӏенойн легӏина тхевнаш дӏалецна – зударий, бераш. Цхьанхьара схьахеза зурманан йишхаьлла гӏовгӏа, детта тӏараш, йетта вота. Цигахь хелхарш ду. Кхузахь го тайп-тайпана ворданаш.
1. Муш - гехь кирлелорхо (гуьржийн маттахь).
2. Тулухча - хи кхоьхург (гуьржийн маттахь).