Турце кхалха боьлча, цара дӏатесначу даймахкахь оьрсийн правительство колонизаци йан йоьлча, кхин политика йолийра. Цига оьрсийн колонисташ баха ховшийча, Росси тӏаьххьара а, гуттаренна а чӏагӏлора Кавказехь. Тӏаккха Кавказах тӏаьххьара а, гуттаренна а догдилла дезара Турцин а, европейски пачхьалкхийн а.
Цундела хӏинца ламанхой Турце кхалхар сацо гӏертара уьш. Турце схьакхаьчначаьрга, шайн даймахка йухадерза, ткъа даймахкахь бисинчаьрга, хӏуъу хилча а, цигара дӏа ма довла, Россина дуьхьал шайн къийсам а ма сацабе, оцу тӏехь шайн правительствоша шуна массо а агӏор гӏо дийр ду бохуш, Турцехь а, Малхбузе Кавказехь а эладитанаш даржош, ламанхошна йукъахула буьйлабелла лелара английски, французски, итальянски, кхечу правительствийн а агенташ.
Схьакхелхаш болу ламанхой совцо бахьаненна, Турцерчу французски посольствон лор Бароцци коьртехь а волуш санитарни инспекци вовшахтуьйхира цара. Кхелхинарш дукха гулбеллачу Самсунерчуй, Трапезундерчуй, Варнерчуй лагершка а хьаьжна, ламанхой Турце кхалхор сацо дезар, ӏаьржачу хӏордан шина а бердашна йуккъе карантин хӏотто йезар дӏахьедира цо туркойн правительстве.
– Гӏаланийн кевнашкахь, туьканашна хьалха, урамашна йуккъехь, скверашкахь, бошмашкахь – массанхьа а ӏохкуш цомгаш нах, декъий дара, – йаздора Бароццис. – Эмигранташа дӏалаьцна массо цӏа, ураман маьӏиг, цара ког биллина латта уьнан хьостанашка дирзинера.
Европейски дипломатийн аьтто хилира хӏорда тӏехь пхийтта денна карантин хӏотто. Амма и карантин цӏенна моттаргӏа йара. Кавказера схьабогӏу ламанхой совцийнера, ткъа кхидолу адамаш дӏасалелар маьрша дитинера. Йийцина ца валлал балхаме тӏаьхьало йитира карантино. Мецачу, берзинчу, цомгашчу ламанхойх доьттина Турцин бердашка схьа мел догӏу кема, кхузахь тӏе ца оьцуш, йуханехьа хьажадора. Ткъа дехьа, Кавказан бердашкахь, итт эзарнаш адамаш лаьттара кеманийн рогӏе хӏиттина. Кхузахь а, цигахь а тифан, морзгалийн, чуьйнан а уьно къиза хьоькхура и гӏорасиз адамаш…
Йуьххьехь дуьйна доладелира адамех йохк-ецар йар. Цхьайтта-шийтта шо долчу беран мах кхоъ-диъ туьма бара. Йалх-бархӏ туьманах уггар хаза