гӏоьртуш, дуьхьало ца йеш ӏа иза.
– Хьуна хаа деза тхан адамаллин а цхьа доза хилар. Хӏаъа, хьомсара граф, тоьур ду. Вуьшта а Кубанера схьахьовсийна ах миллион сагӏадоьхургаш тӏелаьцна оха. И нохчий боху разбойникаш ма хьехабелахь. Дала ларвойла уьш мехкан кӏоргехь баха охьаховшорах! Массанхьа а цӏийн тачанаш дуьтур ду цара. Уьш баха ховшо меттиг гайтарца, шаьш тхан империн чоьхьарчу гӏуллакхашна йукъагӏерташ хилар дага а догӏий хьуна?
«Хӏетте а, кхера-х ма кхоьру хьо, оха нохчий схьа ца бахкийтарна!» – дагахь воьлура Николай Павлович, туркойн министр тергал а веш. Тӏаккха тӏетуьйхира:
– И нохчий шун динан вежарий бу. Ткъа тхуна бен дац аш уьш тӏелаьцча а, ца лаьцча а. Тхо-м хӏумма а уьш совбевлла ца лела. Царна шун махка кхалха лууш хилча, тхо дуьхьал дац. Европехь эладитанаш даржийна, тхо, ламанхой махках а баьхна, церан латтанаш тхешан доладаха гӏерта бохуш. Хьуна хаьа-кх, рейс-эфенди, иза бакъдоцийла. Эрна ӏохкуш латтанаш тхан дуккха а ду. Кхин дацахь а, нохчашна тоъал.
– Масала?
– Хӏунда хоьтту ахь, рейс-эфенди? Хьуна ма хаьа ткъа тхан мехкан шорталла.
– Сибиррий?
– Стенна оьшу оццул гена бига? Кубанехь а, Ставрополехь а йу йаьсса аренаш.
Ӏела-Пашин цавашаре велавалар иккхира.
– И дийр дац аш, хьан сийлалла!
– Хӏунда? Тхо стенах кхоьру?
– Ницкъах ца кхера ницкъ болуш ду шу. Амма дуьненан халкъийн неӏалтах кхоьру. И къаьмнаш Сибрех йа къилбаседе губернешка кхалхийча, цигахь хӏаллакьхир ду. Тӏаккха сий довр ду шун пачхьалкхан. Тӏехула тӏе, оцу гӏуллакхна йаккхий харжаш а оьшу. Халонаш-м хьехор а йацара. Цул а, атта дац ткъа, шаьш йуьстах а лаьтташ, хало, харж йоцуш, уьш тхо долчу схьахьовсийча?
Граф вуьйхира.
– Гӏалатваьлла хьо, рейс-эфенди! Европо ца дина а, ца лелийна а хӏума ца дисина, оха дича, тхуна эхь хета. Нохчийн мохк царах мукъабаккха лууш хилча, Сибрех ца буьгуш, улле Кубане а, Ставрополе а буьгур бара оха. Амма тхан адамалла…
– Шун адамалла! – гӏадвахана велавелира ӏела-Паша. – Ма ала а элира ахь, хьомсара граф! Нагахь аш, оьрсаша, шаьш дӏа мел лаьцначу керлачу махкара халкъаш, иштта ахь ма-аллара, адамаллин некъашца дӏадахахь, мукъа латтанаш-м, дера, оьшучул а тӏех хир ма ду шун