– ӏуьллалахӏ!
Зуькаран чӏагарехь дакъалаца меттиг боцуш, сени чохь, арахь, корашкахь лаьттарш шаьш болччохь дӏасатехка.
– ӏуьллалахӏ!
Шовкъ хилла царах цхьаъ, кертал арахь готуьйсуш, воду. Цунна хаа а ца ло йоьхначу неӏармачашна чудеана ло. Семсачу лайлахь кӏоргга лар йуьтуш, уьду иза. Цхьацца, шишша хӏуттуш, цунна тӏаьхьахӏуьттуш, беха могӏа бо бисинчара. Арабуьйлу сени чуьрниш а. Цхьа масех минот йалале кертал арахь зуькаран йоккха чӏуг хуьлу.
– Гӏийли Киши!
– Киши-Хьаьжи!
– Орцах вала!
Зуькаро йукъа хьо зударий. Гӏабалин тӏемгаш йукъах хьала а теӏош, чӏагаран магӏаре хӏуьтту уьш.
– ӏуьллалахӏ!
– Дазделаш, вежарий!
Цхьанаэшшара кхийсалуш, нехан идаро дегадо цӏенош. Арахь цӏийза иттанаш когаша, хьоьшуш, датадо гӏорийна ло. Цаьрга хьуьйсучу берийн йаххьаш тӏехь кхерам, гӏорасизалла го. Ирча ду и сурт. Шело. Дарцан цӏийзар. Махо йетта шок. Бодашкахь, цӏеран серлонехь, синкхетамах девлла, маьхьарий детташ, кхийсалуш, уьду и тӏелхигдаьлла адам. Зударийн узарш.
– Йа къаййун!
Чуьрчу а, арарчу а мурдаша цӏеххьана сацайо чӏуг. Амма цхьа хан йолу кортош метта ца догӏуш. Цхьаберш шаьш лаьттачохь техка, кхийсало. Хӏораммо а ша-шена зуькар до. Амма хӏинца йац йуьхьанцарлера гӏовгӏа. Йишхаьлла, кӏадбелла, хӏиттина. Кхекхийн месала куйнашна кӏелхьара беснешна, мажошна тӏехула, хи санна, охьаӏийдало модане хьацар. Цӏен а, мокха а, кӏайн а беснаш. Бӏаьргаш, бӏаьргаш. Оьгӏазе, пхенийн хьесий цӏийх дуьзна, къаьрзина схьалелха бохкурш а. Дехаре стигала хьовсийна, къера хилла, севцца, делча саннарш а. Кӏадделла, хӏиттина, бӏаьрнегӏарш тӏе а оьзна.
Зуькар ма-сеццинехь, йуург хьалхайилла йолийра. Йаккхий кхийра кхабанаш карахь йайшна тӏевеара масех жима стаг. Йешна тӏе хьийзачу йоккхачу стага боккхачу дечиган чадица схьаоьцучу гӏурмех йузура кхабанаш. Уьш йохйалале бохуш, чехкка чууьдура кегийраш. Цӏа чуьра схьа йукъ-йукъа маьхьарий хезара:
– Янаркъа, кхуза шун хӏоттаде!
– Ахьмад, ӏайгаш ло!
– Кхуза сискал йилла!
Йуучунна шолгӏачу рогӏаца нисвелира Мӏаьчиг. Дукха хан йара цо оцу миноте сатуьйсу. Далла духахьара а ма хезийла иза, ша чӏагарехь волуш цуьнан ойла Далла а,