Цкъацкъа аьтто хуьлу халкъ ӏехо, амма –
цхьана ханна; тӏаккха – халкъан цхьа
дакъа дехха ӏехо; амма массо а хенахь халкъ ӏехалац.
А. Линкольн
Курински гӏопе дечиг кхехьа йахийтина кхо салаз дукъаца боьдучу новкъа меллаша хьалагӏертара.
Хьалхарчу буса диллинчу лайно хӏиттийна саьнгарш йохош, махо датийна ло гай кӏел хӏуьттуш, хьуьхьдоьлла хьалха гӏертара стерчий. Хеталора, церан маройх туьйсучу ӏаьнаро новкъара ло, дашийна, татолашка дерзор долуш санна. Шийла йара дукъаца. Стерчийн вортанех, накхойх дуьйлу хьацар, оцу минотехь ша а бой, чоьш тӏе кӏац лоций, дӏадовра.
Лайлахь некъ буьллуш, гуттар а хьалха баха шина старана хала хуьлу дела, салазаш роггӏана хьалха а йохуш, богӏура уьш. Некъ дукъах охьа Гати-Юьртехьа чухьаьвзича, атто хилира хьайбанашна.
Цхьанаметта кхаа дийнахь ӏийра ӏелагӏар цигахь дечиг кхоьхьуш. Шен а, Чорин а цхьацца сту а боьжна ваханера иза, Бена некъ баккха ца вахархьама. Долахь сту-ворда йерг мукъавоккхура некъаш тӏехь болх бечуьра. Кешанера хьала Бена а, Майртуьпара дӏа Гӏоьрдала а керла некъаш дохуьйтуш дара ӏедал кху ӏай. Инзаре хала болх бара иза. Гӏорийна, жагӏане латта. Зӏокберг тоьхча, суйнаш а туьйсуш. Дуьххьалдӏа латта ахкар бен, кхин болх бацахьара а, дацара хала. Цкъа хьалха тӏера хьун, хьаькхна, йуьстаха а йаьккхина, йаго дезара. Кхааннан а мара ца тарлуш, стигала мархашка хьалаихна къена пепнаш. Тӏейуха йоцу йовха бедар, и йекъа шело. Цигахь когаш а бахьийна цӏа веанера Гати-Юьртара йалх стаг. Царах цхьаъ миска Васал вара.
Эвла кхаьчча, гаттийчу, гомачу урамашкахула дӏасайекъайелира салазаш. Шаьш цӏадерзарх башха воккхавеш а вацара кхо стаг. Кхана ӏуьйрре ваьккхина кхечахьа хьажо тарлора. Керла йуьртда Хортӏа шен къизаллица ӏосел тӏехваьллера. Мел къиза велахь а, ӏоса майра стаг вара. Хьаькамашка бийца мотт а карабора цунна, цаьрга ша ларийта а хаьара. Ткъа шен цӏоканах, хьолах вогу сутара кӏилло Хортӏа, ӏедална хьалха дикачу цӏарла хила гӏерташ, чуьраваьлла хьийзара. Хьаькамаша ша хастош дош эр дуьйла хиъча, и йерриг Гати-Юрт йаго реза хир вара иза.
Стерчийн йуьхь а лаьцна ӏела кетӏарчу зӏарах чоьхьаваьлча, йедда цунна