Коьрте кховдийна куьг йуькъачу, морсачу можа йукъа дахара. Цхьаццаннан йоккхуш, шен генарчу доттагӏийн цӏераш йехира ӏелас.
Амма тӏехьа лаьттарг вист ца хуьлура.
– Суна вовзац хьо, ас къурд олу, – элира хӏусамдас, гӏаддайна.
Стага, бӏаьргаш дӏа а хецна, шегахьа а верзийна, къевллина маравоьллира иза.
– Де дика хуьлда хьан, хьомсара доттагӏ! – хезира бӏаьргаш чуьра бода дӏабалазчу ӏелина оьрсийн маттахь.
– Андри!
Хӏинца цо иза къуьйлура шен мара.
– Эхӏ, ӏела, ӏела! – шен морса маж ӏелин бесни тӏе теӏайора Андрейс. – Дийна-м хиллений хьо! Кхо шо дара-кх суна хьан хабар хазаза. Кху агӏор цхьа хьовр-зӏовр хилла аьлла хезча, дийна висин-те, махках ваккхаза висин-те иза олий, масане ойла йора ас. Кхин суна гучу ца волуш ӏевеллий хьо!
– Къен стаг а, велларг а цхьаъ ву, Андри, – бохура ӏелас, шена тӏера схьайаьккхина гӏорийна кетар неӏарехь пенах боллучу дечган стоммачу хьостамах хьала а уллуш. – Къоьлло стаг доттагӏех а, безачех а хадаво. Иза мел майра, хьуьнаре, хьекъале велахь а, ши кепек а мах бац цуьнан кху заманахь. Охьахаахьа, Андри. Охӏ, ма дика ду-кх хьо веана.
– Хьал ӏаьӏаш а, цхьана дийнахь хьаьвзий, тӏепаза йовш а хӏума йу, ӏела, – поппаран маьнги йисте охьахиира Андрей. – Коьртаниг – вайгахь адамалла а, оьздангалла а хилар ду. Вохий ма хьовза хьо!
Андрейна дуьхьалдерзош лоха гӏант хӏоттийна, оцу тӏе охьа а хиъна, шен когара неӏармачаш дӏайаха вуьйлира ӏела:
– Иштта-м дара иза, Андри. Хьуна хьалха сайн декхар кхочуш ца дина ас. Ца ӏийна хьуна со ахь дина гӏуллакх дицделлий, шу ца дезашший-м. Тхан нохчашна цкъа а дицлац шайна дина дика а, вон а. Дуьххьалдӏа, кху неӏалт хиларо, къоьлло, таӏийна, меттах ца волуьйтуш, ӏийна-кх. Тӏаккха, Андри, хьо-хьо веана?
– Хӏан-хӏа, накъост ву соьца. Сан гӏоьнча Яшка. Хьуна вевзар вац, керла ву иза.
– Дийцахьа, хӏун деш йу Наташ? Могаш йуй хӏара? И шен нисделла бепиг а доттуш, ӏа хир йу хӏинца а?
– Могаш йу, массаьрга а маршалла даийти. Амма, ахь гергарло дӏатасарна, чӏогӏа хьуна оьгӏазйахана!
Хӏетта дӏадаьлла вохар йуха а гучуделира ӏелин йуьхьа тӏехь.
– Бехк бац, – бехказвала вуьйлира ӏела. – Валлахӏ Делора, мукъа де-м ца хуьлу. Гӏопехь ворданца болх бан, йа некъ баккха, йа