хьан, Корней, – элира лохачо, башлакх йостуш, куй хьала а теттина. – Хьеший тӏеоьций ахь?
– ӏела! – вахана тӏекхетта, шен андийчу куьйгашца маракъевлира цо иза. – Дийна-м баний хьан аьрха корта! Ткъа суна моьттура, хьо йа вукху дуьнена кхелхина, йа тоххарехь ахь со вицвина!
– Хӏан-хӏа, Корней, суна цхьана минотана а ца вицвеллера хьо. Хӏетахь дуьйна хӏинцца машар ма хӏоьттина тхан Нохчмахкахь.
Ӏела дӏа а хецна, цуьнан накъосте хьаьжира Корней.
– Хӏара сан ваша Аьрзу ву. Хьуна а, Андрейна а баркалла ала веана тхойша леррина.
Оцу буса Корнейн а, Андрейн а хӏусамашкахь доттагӏаллин безамна йисира Аьрзус, цаьршинна совгӏатана аьлла, даьргӏойн пхьерашка леррина йайтина уггар тоьлла детица кхелина ши шаьлта…
Хьеший буьзна паргӏатбевлча, церан гӏуллакхах лаьцна хеттарш дан вуьйлира ӏела.
– Хӏара ду аьлла гӏуллакх а ма ца деана оха-м. Хьошалгӏа вахар а хир, нагахь белахь, кхузахь мехах жимма болх а бер вайша аьлла, веара-кх.
– Деллахь, ма шен хеннахь веана шуьшиъ! – хазахийтира ӏелина. – Бӏаьстенан балхана гӏирс кечбо хан ма йу хӏара. Хонкара кхалха гӏерташ нах а бу, шайна некъана оьшу гӏирсаш кечбеш. Кху эвлара пхьар ца ларош, дехьа-сехьа оьху нах. Тӏехула тӏе, эчиг а ца тоьу.
– Эчиг-м оха а деана кӏеззиг. Цхьа таро йийриг хир йу-кх. Тӏейогӏуш суьйре а йу, арадевлла, жимма йуьрте бӏаьрг тоьхча, хӏун дара-те, ӏела?
– Шуна товрриг дийр ду вай-м.
– Тхойшиннан гали мича дилли-те Айзас? Оцу чохь чоа а, куй а ду сан.
Хьешан цӏа чуьра Айзас схьадеанчу галин бертиг йаьстина, цу чуьра схьаэцна шен чоий, куй цхьана агӏор а диллина, тӏаккха, схьабаьккхина, цхьа жима шад баьстира Андрейс.
– Хӏан, Айза, дӏаэцал хӏара, – кӏайчу тӏергӏан кӏеда бой Айзе кховдийра цо. – Наташас леррина шен куьйга йина, хьуна совгӏатана йаийтина хӏара. Шен безамна лелайе алар суна тӏедиллина цо. Ткъа хӏара эткаш Ваняс ӏумарна йина. Ӏела, хьо а ца вицвелла йоккхачу стагана. Хьуна чӏогӏа дукхадезаделла шен бепиг даийтина цо хьуна.
Шен совгӏат кара а лаьцна, дӏасахьийзадора Айзас. Куьг хьоькхура, ло санна, кӏайчу кӏедачу тӏергӏах. Хазахетар тӏехдаьлла, ши бӏаьрг къегара, тӏаккха, кӏез-кӏезиг бузуш, хих буьзна и шиъ тӏехбеара. Царна чуьра