Говрашна йао хӏума, ло кегош, цу кӏелхьара йаккха йеза.
– Шел ца ло уьш?
– Шелло, дера-кх. Сатоха деза. Бакъо йац йовха бедарш йахьа. Шаьш денна цӏахь леллораш хила йеза. Шелонах, мацаллех, муьлххачу халонех а болийта. Муьлхха а хало ӏоттайелча, иза лан, цунах кӏелхьарбовла ӏамо. Уьш иштта ӏамо, лаьмнашкахь уггар кхераме меттигаш лоху. Шан тархаш, лайн токхамаш, чехка хиш…
– Иза-м забар ма йац, ӏела.
Ӏела гӏайгӏане велавелира.
– Бӏе шо сов зама йу паччахьо тхоьца тӏом бен. Иза йу ткъа забар?
– Меца, шийла уьш муха лела беза? Къа ду-кх церан.
– Дера, ду. Хӏун дийр ду ткъа? Иштта бу-кх тхан кхоллам. Цигахь хала хилла царна, ткъа кхана тӏаме нисбелча, атта хир ду. Шаьш мацаллий, шелонний лахь а, церан бакъо йац эвла баха а, йа, ӏуйшкара йехна, йаа а. Малх а чубуьзи, Андрей, цӏа гӏо вай?
Кхо стаг меллаша ирх хьала цӏехьа волавелира.
– Уьш ӏамочу стагана мах лой аш? – хаьттира Яшкас, шаьш кетӏа кхочуш.
– Хӏунда ло? Цуьнан йац хӏара эвла, цуьнан дац кхузахь цӏенош, доьзал? Ларйан йеза йурт тхан массеран а йукъара ма йу. Бакъду, и цаьрца ваханчу баттахь цуьнан цӏахь цхьа гӏуллакх-болх нисбелча, иза-м до оха.
Яьссил дехьарчу дукъа тӏехула схьагӏертара цӏемза буьйса. Стигалахь хӏетта гучубаьлла маьркӏажан седа гӏийла къегара. Тахана бинчу некъо гӏелвинчу шина хьешо садаӏа сатуьйсийла хаьара хӏусамдена.
– Ой, йуха а тӏом бан ойла йу шун? – хаьттира Яшкас, жимма ойла йеш а ӏийна.
Ӏелас доккха садаьккхира:
– Тхо-м, дера, ӏадъӏийр дара, тхаьш дитахьара. Дитац-кх. Ца дитича, ца летча ца довлу. Ша ца битча, дехко а йухку цергаш бохуш, кица ду тхан.
«Хӏорш шайца забарш йойтур йолуш бац, – ойла йора Яшкас. – Тхан муьжгий а белахьара иштта барт болуш. Тӏаккха оха сийна цӏе йуьллур йара оцу помещикийн цӏоганаш кӏел. Хӏумма а дац. Тхо а догӏу кхетта. Дукха ӏехор дац цара тхо…»