бу? Цо ма бехира соьга ша кхоьрург. Хилларг хилла даьлча, оцу хьолехь суна хьалха ца хӏотта, ша-шен йен а ма гӏиртинера иза. Нагахь и гӏуллакх нахала даккхахь, барино со тӏепаза войур ву, хьо а сий дайна лелар йу. Ишттаниг шеца ца хуьлуш цхьа а хаза йоӏ ца йисина, иза хьоьца дуьххьара а, тӏаьххьара а хилла гӏуллакх дац, дижа дита бохуш, Марфа къийлинера дас-нанас.
Гӏуллакх ша ма-дарра хиъначу буса, набаран суй ца беш, сахуьлунга а ваьлла, са ма-тессина хьала а гӏеттина, балха а вахана, барин божала варе хьоьжуш, и де лардан хӏоьттира со. Малх гӏушлакха баьллачу хенахь веана божал чу хӏоьтти хӏара. Хьалххе дуьйна хӏара вогӏу гуш ӏачу ас, цӏеххьана говрашна йуккъера схьа а иккхина, цуьнан коьртах тоха дагахь, диг хьалалецира. Жӏаьла суна ца моьттучу тайпана каде хиллера. Со диг тӏетоха кхиале, йуханехьа а иккхина, суна тӏе йуьйлина тапча леци хӏокхо.
– Сих ма ло, Яшка, – боху шеквоцуш. – Хьо хӏинца а жима ву. Хӏун гӏуллакх ду оццул хазачу, къоначу нускалца цхьа буьйса а йаьккхина, иза а дитина, вала?
Кхин хӏун дийр ду а ца хиъна, сайн ницкъ ма-ббу чӏогӏа ластийна, диг карара дӏа а хоьцуш, цунна тӏедахийтира ас. Сан карарчу дагаре хьоьжуш ӏен барин, иза дӏахецалушшехь, сихха голаш тӏе охьалахвели, ткъа диг, цунна тӏехтилла, дахана, бӏогӏамах догӏаделира. И дерриг а хилира оццу минотехь божалан неӏаре хӏоьттинчу цуьнан урхалчин бӏаьргашна хьалха.
– Гирий хьуна дерриг? – хаьттира цо шен урхалче. – Кху Делан сохьта муьжгий схьа а кхайкхий, цаьрга вехка а вехкийтий, ларми чу тасийтал иза!
Когаш, куьйгаш дихкина, гали санна, цӏенкъа дӏа а кхетта, шийлачу ларми чохь ӏуьллура со. Маьркӏажал тӏаьхьа со волчу чувоьсси барин.
– Муха ду гӏуллакх? – хаьтти хӏокхо, тӏе а хӏоьттина.
Ас, вист а ца хуьлуш, цергаш хьакхийра.
– Ладогӏал цкъа, ӏовдал муьжги, – оьгӏазе вистхилира иза. – Со вен гӏоьртина хьо. Цунна теш ву Иван Моисевич. И ца хилча а, тешаш суна дуккха а карор бу. Хьо хьайн барин вен гӏортарна, каторга йогӏу хьуна. Лаххара а итт шо хан. Цигахь къиза вуьйр ву хьо. Хьайна лаьий хьуна, ас салтана дӏалур ву хьо. Тӏаккха, тӏамехь ца вехь, ткъе пхеа шарахь йорт йетта йеза ахь. Къена ӏаспар хилла, цӏавоьрзур ву хьо. Тӏаккха Марфа а