Йуханехьа некъ дӏакъовлу цунна. Цуьнан къамкъарг эпсаран буйнахь хуьлу. Аьлларг ца дахь, йетта. Гӏибаваллалц. Нагахь ахь нохчочунна топ ца тохахь, шаьш хьуна тухур йу, олу. Ткъа вукху мисканан, лаахь а, ца лаахь а, тӏом бан дезаш нисло. Ткъа тӏеман, шуна ма-хаъара, кхин гӏиллакхаш ду. Ши дуьхьалонча дуьхь-дуьхьал нисвелча, шаьшшиннах бакъ а, харц а мила ву, ойла ца йо. Вовшийн вен сихло и шиъ. Ша-ша дийна виса гӏерташ. Цхьаъ, шиъ вийча, адамаш дайъа ӏема. Тӏе, дуккха а байъа а гӏерта. Дукха адамаш дайъинарг турпал ма лору. Цунна ордалш, мидалш, совгӏаташ ма ло. Ша санна, цхьа пекъарш байъарна. Цо дозалла до шен ордалех, мидалех. Хазахета, майра ву, турпал ву бохуш, шен хьуьнарш кхайкхош хезча. Иштта нуьцкъаха, ӏехош, бодане нах шайн кога кӏел латтабо ӏедало. Гой хьуна, ӏела, кхузахь чолхе хӏумма а дац. Халкъаш дац бехке. Неӏалт хилла ӏедалш ду бехкениш.
– Цхьана хӏуманна тӏехь бакъ вац хьо, Берса, – элира хӏетталц тапъаьлла ладоьгӏуш ӏийначу Аьрзус.
Берса Аьрзуна тӏевирзира.
– Хӏун ду иза, Аьрзу?
– Шайн ӏедало лелочу харцонашна бехке ду халкъ.
– Муха?
– ӏедало лело харцонаш гуш, таьӏна ӏарна. Харц ӏедал ловш ӏарна. Хӏунда латтабо цо шен коьртехь къиза паччахьаш, ӏедалхой а? Хӏунда буьту цо уьш и къиза харцонаш лело? Къаьсттина, вайниг санна, жима, гӏорасиз халкъ шайн паччахьаша хьийзош ган а гуш, тийна ӏаш долу халкъ – иза кӏилло, йа къиза, йа кхетам боцуш халкъ ду. Хӏан, хьой, сой къиза адамаш хуьлуьйтур вай. Кхин а эзар, итт эзар нохчо а. Ткъа вайн зударий, бераш, къенаниш? Дийнна халкъ хила йиш ма йац къиза а, сийдоцуш йа стешха а. Цунах теша стаг йа бӏаьрзе, йа кӏилло ву, йа иза адам дац. И стаг декъашхо ву шен паччахьан, ӏедалан харцонийн, къизаллин. Нагахь шена тӏера ӏедал нийса дацахь, дӏакхосса деза халкъо.
Берсас, ла а доьгӏуш, резавоцуш корта лестабора.
– Хьайна дуьне цадовзарна дуьйцу ахь иштта, Аьрзу. Паччахьан харцонаш а гуш, тийна-таьӏна ӏаш бац Россехь. Халкъо неӏалт кхайкхадо шен ӏедална. Вайца биначу тӏамна а. Шайн паччахьна а, ӏедална а реза а ца хилла, амма иза дохо йа нисдан ницкъ ца кхаьчна, ца буьйлура бӏеннаш салтий, эпсарш вайгахьа? Паччахьан эскаршна дуьхьал леташ,