тӏаьхьа а висина, доьзалан да хила деза а мега. Хьо воккха хилла. Тӏе, могаш а вац. Суна кӏордийна хӏара мацалла, хӏара къоьлла. Сан дог деша, мацалла мажбелла, берзина сайн йижарий, вежарий гича. Тхуна дан гӏо доцуш, кийрахь йоьлхуш, йакъайелла чекхйолуш лаьтта нана. Гӏайгӏанаша кӏелвитина хьо а. Хӏинццалц аш со кхаьбна, хӏинца шу кхаба рагӏ соьгахь йу.
Ден йуьхь йекхайелира кӏентан тӏаьххьара дешнаш хезча. Тховса ши сацам бинера цо: Хонкара кхалха а, Коьра бӏаьсте йаллалц йолах Хортӏагӏарна балха вахийта а. И ший а сацам доьзале дӏакхайкхо а безаш, амма ца хӏуттуш ӏара иза. Кхалхар-м цара доьзалехь дукха хьехийна гӏуллакх дара, иза-м хала а ца хетара цунна, тӏаьххьара хӏаъ аьлла чекхдаккха. Халаниг важа дара. Шен кӏант нахана йалхо хӏоттор. Иза дара цуьнан дайшна дуьйцу а цахезнарг. Мӏаьчигна шена гӏенах а цагинарг. Ша санначу боьршачу стагана ваца шен кӏант хӏоттор. Амма кху къизачу дуьнено тӏе ца хӏоттош, ца гойтуш хӏун ду?
Зударий, шайн тӏаргӏа а къажбеш, тапъаьлла ӏара, шина боьршачу стеган къамеле ла а доьгӏуш.
– Хӏаъ, Коьра, вайн доьзалан гӏортор ца хилча йер йац хьох, – долийра дас и хала къамел. – Мацалла дала йиш йац вайн. Хӏуъу таро йина а, бӏаьстенга довла деза. Тӏаккха кхелхина нахаца Хонкара гӏур ду вай…
Коьра, вагийча санна, хьалаиккхира. Шагатӏулгаш хилча санна, тӏаргӏа дӏасаоззийначохь лацаделла дисира зударийн куьйгаш. Гӏенах цхьана ерчоно кхерийначу йоьӏан, нене кхойкхуш, ӏадийна мохь белира тӏелхигаш кӏел. Зару цунна тӏехьаьдира.
– Вайшиннах цхьамма Хортӏагӏарна йолах болх бан беза. Баттахь жа дажийча, мазала хьаьжкӏаш ло цо.
Коьрин оьгӏазаллех богу бӏаьргаш цӏеххьана кхоьлира. Беран бос богу ховха балдаш, чуьра са дӏадаьлча санна, кӏайделира. Цхьана безачу мохьо таӏийча санна, настарш йегош, охьаоьхура дегӏ. Иза йуха а гоьрга тӏе охьалахвелира.
Хортӏагӏарна же хӏоттар! Хӏан-хӏа, цо иза дийр дац, хӏокху дуьненан дерриг хьал шена схьадаларх. Цуьнан шина кӏантана хьалхара. Тӏехула тӏе, Ровза…
Оцу минотехь Коьрина хьалхахӏоьттира къайлаха йезачун хьомсара сурт. Дуткъа, хӏинцца хецаделла, меженаш йузайоьлла дегӏ. Гӏургӏезан санна, дехо кӏайн лаг. Цкъа а Коьрега