Шена ийман чохь виса луург, шена устаз везарг бусалба махка дӏаваха кечло!
Кхузахь шайн гӏуллакх дӏадаьлча, кхидӏа хан йайа ца лиъна йуьртан тхьамданаш дӏабахча, майданахь гӏовгӏанаш йевлира.
– Цхьаллиг цхьанхьа гӏур дац вай-м, кху махкара дӏа а девлла!
– Хьо кхузахь хьан вуьту ткъа?
– Сайн дегӏа чуьра са дӏадаллалц летар ву-кх со! Летта лийр ву, амма винчу махкара дӏа-м вер вац!
– Вай тоьлучура дӏадаьлла хӏара, кӏентий. Хонкара дахар тоьлу. Ца гӏахь, эххар а Сибрех дуьгур ду. Цигахь вайн доьзалш хьан кхобур бу, церан дола хьан дийр ду?
– Кӏезиг доьзал болчу хьуна атта ду иштта дийца! Цул сов, миска нах талош, хьал а ӏаӏийна ахь. Дерзинчу берашца, даьссачу кисанца со мича воьду?
– Сибрех!
– Хьан хила хьайн ворхӏе а дена неӏалт!
– Пис!
– Хьо мезийн тӏуьйлиг!
– Ас и хьакхин гай охьахоьцур йу хьан!
Йуьртара къехо Дасу, суйн метта тхьум йоллу совра тиллачу баттара, гӏалакх санна, йоккха шаьлта а йаьккхина, совдегарна Мазина чугӏоьртира. Амма уллохь лаьттачу Акхболатан Ахьмада, шен ондачу куьйга пхьарс лаьцна, сацийра иза.
– Дӏавалахьа деллахьа, Дасу, оцу тӏингарх ӏоьттина, и нисйелла шаьлта бехйан воллу хьо? Шена луург гӏон шена дуьненан йеа маьӏӏехула дӏа! Вай кхузахь ӏийр ду. Цхьа ког дӏа-м боккхур бац цхьаннахьа а! Йа Хонкара а, йа Сибрех а!
– Уьстагӏий санна, хьалхалохкур ду шу!
– Уьстагӏ бу-кх хьо! Гирзаш даьлла уьстагӏ!
– Зударий, бераш дайъина, лам чу кӏегардевлла, ваьш делла кхачадаллалц паччахьан эскарех летар ду-кх!
– Хӏан-хӏа, кӏентий, со Хонкара гӏур ву, – элира нехан девнашка ладоьгӏуш ӏийначу Ибраьхӏима, доккха са а даьккхина. – Паччахьо соьгара дӏадаьккхина суна дезаш мел дерг – да, вежарий, латта, маршо. Хӏинца динах хадо а воллу. Иза хилийта йиш йац сан. Нагахь туркойн паччахьо баккъал латта лахь, дика ду, ца лахь, хӏун дийр ду, иза кхузахь а дац-кх сан.
– Цигахь лелар ву хьо, дӏакхоьссина цициг санна, йа мацалла лийр ву!
– Хӏумма а дац велча а. Со ийманехь а волуш, тӏаьхьадуьсу бераш а, церан тӏаьхье а бусалбанаш хир буйла а хууш-х лийр вай со. Сайн сал-пал а эцна, кханнехь Шела воьду! Кхелхачарна гӏоьнна базар йиллина, боху, цигахь.
– Хьан тӏелхигаш хьанна оьшу, Ибраьхӏим? – са а ца тохаделла хаьттира