Дагестанца дерг чекх ца даьлча, хӏокху Кавказехь уггар воккха а, нуьцкъала а дуьхьалонча – нохчий – меттах ца хьебеш буьтура цо. Амма, Ахульго йоьжча, берриг а ницкъ Нохчийчу теттира.
Шовзткъалгӏачу шеран йуьххьехь Нохчийчохь тӏеман-колониалальни урхалла хӏотто долийра правительствос, хӏор а итт доьзалера цхьацца топ а, хӏор а итт стагах цхьаъ амалтана а вийхира. Цуьнца цхьаьна, кхузахь тӏеман чӏагӏонаш йан, ткъа йарташ цига, йаккхийчу тоьпийн биргӏанашна кӏел, кхалхо йолийра.
Тӏаккха Нохчийчохь йукъара гӏаттам болабелира.
Гӏеттинчу халкъана баьчча вийзира. Нохчийчохь кӏезиг бацара майра, хьекъале, хьуьнаре а къонахий, тӏеман баьччанаш а. Амма гӏеттинчу халкъана ца лиира цхьа стаг къастийна лакхаваккха. Нохчашна гора шайн феодалийн ӏедалан ӏазапна кӏел дохку лулара къаьмнаш. Цаьрца дуьстича, йоккха маршо йолу нохчий кхоьрура цкъа айъина стаг гуттаренна а оцу лакхенгахь висарна, шайна йуккъехь элий кхиарна, цара шаьш, и лулахой санна, ӏазапе дохкарна. Нахана дагавеара кхуза ведда веана, Нохчмахкахь а, Органан лакхенца а лечкъаш лела Шемал. Сацам хилира иза гӏаттаман коьрте хӏотто. Ӏедалца дерг чекхдаьлча, тӏехьа мийра а тоьхна, Дагестане дӏахьажо атта хир ду, бохура.
Тӏаккха, хьалха санна, дӏанислора дерриг а.
Шемала воккхавеш тӏелецира нохчаша шега кховдийна имамалла. Дукха хан йара хӏокхо лаьмнашкарчу къаьмнех уггар доккхачу, майрачу бӏаьхаллин къоман коьрте хӏотта а, иза шен буйна долла а цо сатуьйсу. Хӏинца вохийначу, шена эхь динчу паччахьан инарлех а, шена уггар хала киртиг тӏехӏоьттинчу хенахь, шен дедоьхначу хенахь паччахьан инарлашна гӏо динчу, ша махкахваьккхинчу шен махкахойх а бекхам эца.