майоран Оспановн а, майоран Ипполитовн а галморзахаллаш къасто йезар…
Лорис-Меликовс резавоцуш корта хьовзийра:
– Александр Георгиевич, оьшурий-техьа иза? Майоро Ипполитовс сайга йазйинчу донесенин копи ас Мусса Алхазовиче йелла, цо суна кхоччуш жоп а делла. И эладитанаш Сайдуллера схьадуьйлуш ма дац. Хууш ду, цуьнан мостагӏий, арахьа хьовха, цуьнан шен бартахошлахь а хилар. Церан болх бу иза берриг а. Делахь а, массарна а кхеташ хилийта, Мусса Алхазовича шен къамелехь доцца аьр цунах лаьцна.
Кхеташо кестта чекхйериг хиларх тоххар догдиллина Святополк-Мирский, Лорис-Меликовна аьтту агӏор, хӏумма а забаре доцуш, вусавелла ӏачу областерчу эскарийн штабан начальникан полковникан Александр Павлович Свистуновн тиллачу коьрте хьежа хӏоьттира. Цуьнан йехачу йуьхьа тӏера нелачух терачу кегийчу бӏаьргаша а, тӏехабийначу дуткъачу балдаша а цунна дагатосура къиза стаг. Баккъал а, дукха хан йоццуш Нохчмахкахь а, Органца а хилла гӏаттам хьошуш цо а гайтира шегара массарчул тӏех къизалла. Хӏинца нийсса шийтта шо даьлча, Мазлакна уллохь цуьнан безамна боккха барз беш, иза Петербурге дӏа а хьажийна, цо Лорис-Меликовн меттиг дӏалоцур бу, оццу шарахь цо къиза хьошур бу Нохчамахкахь хилла нохчийн тӏаьххьара боккха гӏаттам.
Стенна делахь а, мекарчу Беллике кӏоршаме хьоьжуш, шен туьран макъарх тесна хьесан кӏужал ловзош ӏен Кундухов каде хьалаиккхира.
– Мотт социйла Сайдулла аьшнашвеш харц хабарш дуьйцучийн, – эпсаршна тӏехула оьгӏазе бӏаьрг кхарстийра цо. – Хӏун хууш дуьйцу уьш майоро Ипполитовс? Шуьйта гӏопе хиъна, зударийн эладитанашка ладегӏар бен, цо деш хӏума дац. Суна хаац, аш оцу цхьогална эзар десятин сов латта хӏун динчунна делла. Массарна а хьестало! Нохчо а йалийна, вуьшта а къечу ламанхошкара схьа а дохуш, латта шен стунцахошна дӏадекъна. И ша ву Аргунски округехь нах карзахбийларна бехке. Шен донесени тӏехь цо йаздийраш дуьхь-дуьхьал ду. Ас дуьххьал дӏабоху, Ипполитов эладитанча ву, цо Сайдуллина тӏе кхоьллинарш шена и цавезарна ду. Ша хӏуьттаренна ца лелахьара, цо йаздинарш цхьа бух болуш, нийса хир дара. Ткъа Сайдуллех дерг аьлча, ас сайн декхар лору майорах Сайдуллех