– Иштта кхоьллина-кх хӏара дуьне. Хӏор а воллу шел гӏорсизниг дӏакхалла цхьана бохамо йукъахьарчийнарг лоьхуш.
Даьхний хьекхалуш, адамаш тӏехуьйшуш, тӏетийжаш къагийначу йуьйцинчу кертах тевжина, цхьана ханна дӏатийра Андрей. Шен сийна ши бӏаьрг лаьттан бӏаьра а боьгӏна, стаммийчу пӏелгашца месала ӏаьржа маж а къажйеш, цхьана хӏуманан-м ойла йора цо. Гӏуллакх ца хуьлуш Мӏаьчиган цӏаверзар нисдаларна кхоьрура иза. Цхьана гӏуллакхна йух-йуха а базара эхаро зен ма до. Тӏехула тӏе, даьхний дено-дено дазлур ду. Миска, куьйгаш пхьуьйшашна чучча а доьхкина, корта белшаш чу а оьзна, махана букъ тоьхна, и бохбан гӏерташ, ша волччохь когаш бетташ воллу. Амма кхузарчу шийлачу махана дуьхьало йалац цунна тӏерачу эттӏа, цаца хилла кхозучу чордачу машин чоэга а, хечега а, чу къаж йоьллина, берзинчу когашна тӏейуьйхинчу йакъайеллачу неӏармачашка а. Кху йуккъехула, цхьа хӏума кхосса дагахь, кхулуш йу стигал а. Сенбелла Коьрин мара а. Йуьхьа тӏера тхин чоьш ирахӏиттина. Ткъа хӏара де хӏор а сахьтехь шеллуш ду.
– Хьоьгахь ахча мел ду, Мӏаьчиг? – хаьттира Андрейс цӏеххьана.
– Ас цӏера деана пхийтта сом а, старгӏанех делла ши туьман кхо сом а ду-кх.
– Кӏезиг ду.
Тӏаккха, жимма ӏийна, йуха а вистхилира иза:
– Оцу шина старах хӏун дала реза хир вара хьо?
– Делхьа, хаац суна-м. Пхи туьма, пхи туьман пхи сом доцуш, хьала а, охьа а, лур бац-кх цо и шиъ.
– Цунах белча, оьцур барий ахь?
– Муха ца оьцу? Тӏейогӏучу базарахь кхин а деза хир ма ду уьш.
– Делахь, вало, вайша мах буьйцу. Нах тӏегӏерта боьлла цунна.
Цецваьлла Мӏаьчиг акъваьлла висира:
– Йетт ца боьхкича, мах буьйцийла ма дац.
– Ас сайна буьту хӏара йетт, – элира Андрейс.
Мӏаьчиг ца кхийтира. Селхана дуьйна цхьаьна ву и шиъ. Йа Андрейс а, йа цуьнан зудчо Наташас а, йетт оьцур бара аьлла, хьахош ца хезира цунна.
– Цхьаммо ца лахь а, кху аьттан мах ткъе пхиъ сом бу, Мӏаьчиг – элира цо. – Хӏокхунах и лур дац базарахь кху цхьана-шина баттахь, шу кхелхарш кхелхина дӏа а девлла, хӏуманийн мехаш шайн лар тӏе бовллалц. Хӏара йетт сайна а битина, и ткъе пхиъ сом лур ду ас хьуна. Жимма ӏийча, базара ма-баьккхинехь, и ахча суна хьаъа а лур ду кхунах.
Дагахь доцуш цӏеххьана шен хиллачу аьттонах