хьаьстира иза Беллика. – Хӏинца шу санна, карзахбевлла бара кхо бӏе шо хьалха казански гӏезалой. Хӏетахь хиллачу оьрсийн паччахьо Иван Грозныйс нуьцкъала караберзийра церан мохк. Шайгара герз дӏаэца доьлча, хӏинца шуна санна, шаьш лийр ду моьттура царна. Хӏинца гой шуна, топ муха кхуссу а ца хууш бу уьш, амма, цхьа а хӏума ца оьшуш, шайна токхе беха. Аш хӏун до герзах? Мостагӏех оха шу лардийр ду, ткъа шу, шайна маьрша къа а хьоьгуш, дехар ду.
– Оха тхаьш лардийр ду тхайн! Тхо зударий дац аш лардан! – мохь хьоькхура ӏалхас.
– Хьанна хаьа, Беллик-сардал, ахь буьйцу и Казанера гӏезалой санна, тхешан бераш салте а луш, цигахь царна хьакхарчий йаайойтуш, хила мега тхо а мацца а цкъа, – элира Данчӏас, доккха са а даьккхина. – Амма Дала ша тхуна белла мохк цо ша тхоьгара дӏабаккхалц, тхо бусалбанаш мел ду, иза хир дац. Оцу хьола тӏе довлучул, тхо туркойн махка гӏур ду, ткъа ӏалхас ша вехна хабар дуьйцу.
Кхин хабар ца дуьйцуш хьалагӏеттина Данчӏа, ӏалхица ара а ваьлла, иза халла говра а ваьккхина, Оьрза-Гӏалех аравелира.
Ткъа шаьшшиъ араваьллачул тӏаьхьа охьахиъначу Беллика, цаьршинца хилла къамел, ӏалха паччахьна лер доцург, дерриг тӏе а дуьллуш, Лорис-Меликовга донесени йазйар цаьршинна цкъа а ца хиира.