хьуна? – хаьттира цо цхьа хан йаьлча. – Керла хӏумма а дуй-те цигахь хьедеш?
– Делхьа, Солтамурд, хӏара ала, керла хабар ма дац цигара. Россина чоьхьа гӏуллакх галдаларе хьежахь, дехха ӏийр ду вай.
– Делахь а, цигара хьал хууш хилча, бакъахьа ду. Нагахь туркошца цхьа барт бан вайн ойла йелахь, цаьрца дийцарш дан цига цхьа-ши стаг а, Польшера хьал талла цхьа стаг а вахийтича, бакъахьа хета суна. Оцу нахана некъан харжаш йан вайн ахча а ду. Шуна хӏун хета?
– ӏаламат бакъахьа хета…
– Хонкара воьду ши стаг, ӏедал шек ца далийта, шайна бакъонаш а йаьхна, кхелхачаьрца новкъа ваьлча дика хир ду аьлла, хета суна, – дуьйцура Солтамурда ойлане. – Дийцарш дарал сов, царна тӏехь хир ду, дӏакхаьчначу вайнахах хилларг ма-дарра хиъна, вайна тӏе хабар кхачор. Нагахь шу резаделахь, цига бахийта нах билгалбан а лаьа суна.
Цига бахийта нах хьалхатоьттуш, цхьаццанен цӏераш йохуш, гӏовгӏанаш йевлира. Цӏераш йохура чохь болчийн а, диванна йукъа ца богӏучу лахарчу шайн бартахойн а. Польше вахийта-м сихха Берса билгалваьккхира цара. Турце вахийта шиъ ца къасталуш, гӏуллакх дахдала доьлча, Аьрзус шена дош дийхира.
– Аш цӏераш йетта нах миччахьа бахийта а мегар долуш къонахий бу. Амма Хонкара вахана стаг шина-кхаа баттахь цӏа воьрзур вац. Йа воьрзур, ца воьрзур а хаац. Аш цӏераш йаьхначу нехан цӏахь цӏа дуьззина доьзалш бу. Дай цӏера бевлча, йалташ денза, докъарш кечдаза буьсур бу уьш. Сан а, Маккхалан а цӏахь делха а, дека а дац. Тхойша гӏур ву цига. Тӏехула тӏе, Маккхал ӏеламстаг ву. Цунна шерра ӏаьрбийн, туркойн меттанаш а, гӏеххьа гуьржийн а, оьрсийн а меттанаш а хаьа. Цига вахийта цул бегӏийла стаг вац. Цунна накъост со а хир ву.
Оцу тӏехь барт хилира массеран а.
– Шуьшиъ-м суна хьалххе дага, дера, веара, Аьрзу, – элира Солтамурда. – Амма, хӏуъу цхьа меттиг йеача, шуьшиъ сайна уллохь везаш ӏара. Ашшимма цигахь дан дезарг тӏаьхьа парггӏат дуьйцур вай. Хӏета, кху шарахь гӏаттам болор ца хьехош, иза билгалйоцчу хене, вешан аьттоне дӏатоттур вай. Кху некъехь Атин Атаби цӏа верзаро соьга догдохуьйту вайн бисина накъостий а цӏа берзаре. Цуьнца лаьцна вигна Дуин ӏумма а вогӏур ву цӏа. Вай дӏадохале цхьаъ ала лаьа суна. Тахана адам