санна, ӏийжадора цуьнан дог. Дегӏа тӏехь гуш чов йацара цуьнан. Берсин нийсарой кху хьаннашкахь мостагӏийн дӏаьндаргаша эгочу буьрсачу шерашкахь виначу лаьмнашна генахь хилла иза ӏалашвеллера оцу ерчонех. Берса кхуза кхечира, тӏамехь, летта, ницкъ эшна, лен чов хилла йоьжна Нохчийчоь сийначу цӏарах йогуш, тоьлла мостагӏ, цуьнан тӏаьххьарлера дуьхьалонаш кегйеш, кху ӏаьржачу ломан кӏорге воьлча. Амма Берсин дагах а йара чов. Даьлла гуш цӏий а, тӏехула хьаьвзина мо а боцуш. Оцу тӏамо ца дийнера цуьнан да-нана. Нанас цуьнан дена бина йижарий а, вежарий а ца хилла Берсин. Амма кху некъаца, хӏара хьаннаш, раьгӏнаш мел йу даьржина, гӏевланга акха тӏулгаш хӏиттийна, ӏаржбелла хӏолламаш, махо а лоькхуш, тӏе хьард йаьлла, цхьаммо а куьг ца хьокхуш, байлахь дисинчу кешнийн баьрзнаш кӏел ӏохкурш цунна шен йиша-ваша хетара.
Жугӏурта кхоччуш Берса тӏаьхьакхиира гихь дечган гаьннаш такхийна вогӏучу, леррина вакъийча санна, векъаначу воккхачу стагана. Цунна тӏекхача иттех гӏулч йисча, говрара охьавоьссира хӏара.
– Ассалам ӏалайкум! Гӏоза дагор хуьлда хьан, – элира Берсас, меллаша воьдучу стагана тӏаьхьа а кхиъна.
– Ва ӏалайкум салам! Дела резахуьлда хьуна а! – жоп делира вукхо, йуьхьарваханчуьра хьала а ца таьӏаш.
– Кӏадвеллий хьо, воккха стаг?
– Дера, бакъдерг аьлча, дегӏехь гӏора ма дац.
– Мохь соьга а лой, говра ваьл хьайна, – сацийра иза Берсас.
– Хӏан-хӏа, ирс хуьлда! Гӏолахь дӏа. Охьа а вон воьссира хьо.
– Схьалол ахь. Ас цӏа кхетор ву хьо.
Берсас ша ца вуьтийла хиъча, гира мохь охьа а тесна, букъ нисбина, куй цо хьалатеттича, гучуйелира тӏехь цхьа а чо боцуш хьацаро къагийна лепа коьртан ах. Дерзинчу дегӏа тӏе дуьйхинчу эттӏачу чои йуккъера схьакъедара йакъайелла меженаш. Кӏоргге хьех чубоьжна гӏайгӏане ши бӏаьрг баркалле хьоьжура Берсега. Воккха стаг говра а хаийна, цуьнан мохь шен белша тӏе а биллина, тӏаьхьаволавелира иза.
– Йожа сту-хӏума йац хьан? – хаьттира Берсас.
– Дера, дац со да волуш, цхьа къена газа йоцург, беа кога тӏехь хьайба.
– Хьо хӏунда веана дечиге, кӏант вац хьан?
Воккхачу стеган йуьхь цӏеххьана кхоьлира.
– Йалх вара.
Берса валлал дохковелира и хаттар ша дарх.