тӏехь, хьесан кӏужалш хуьлий, белшаш тӏехь лепара. Амма хийланна карадора цигахь шийла каш а.
Великодержавни хоршано сацам байъинера школерчу къоначу нехан. Сатуьйсура кавказски романтике, турпалчу хьуьнаршка, хастамечу совгӏаташка, чинашка. И ун кхетаза ца висира Берса а. Амма, шовкъечу кегийрхойх дӏакъаьстича, цхьанхьа ша висча, дегӏа тӏера и хоршин чарп айъайелча, цуьнан ойла а, дерриг са а генарчу, хьомечу лаьмнашка дӏадоьдура. Дерригенна а тӏехь толам боккхура даймахке, халкъе болчу бовхачу безамо. Доглозура цуьнгарчу инзаречу бохамаша бӏарздинчу шен жимачу халкъах, куралла йора цуьнан турпалчу хьуьнарех, сатуьйсура сихха цига йухаверзаре. Ткъа хьуьнарш, хастам? Цунна уьш кхечанхьа а карор ду. Къоначу цунна ца хаьара, муьлххачу а халкъан ӏенийна цӏий шена тӏехь, эхьан томмагӏа хилла, гуттаренна дуьсур дуйла. Цо, цкъа а синтем ца буьтуш, диллина шен дог огур дуйла… Ткъа масех сахьт даьлча, хьоло а, къоьлло а сийсочу столицин кӏорге вахча, и дерриг дицлой, дворянски империн даймехкан йийсаре воьдура Берса.
Амма оццу шерашкахь малхбузехьа даьллачу революцин буьрсачу дорцала нисвелла иза цигара йуха Россе кхин стаг а хилла вирзира.
Кхолламо, вигна, европейски революцин буьрсачу цӏеран куьрка кхоьссина Берса теш хилира 1849-чу шеран 13-чу августехь венгрин революцин эскарийн коьртакомандующис инарло Гергеяс оьрсийн-австрийски эскаршна хьалха Виллагошна уллохь герз охьадуьллучу эхьечу дийнан. Цо гӏалгӏазкхийн дошлошца цхьаьна конвоировать бира австрийски императоран ӏедале дӏабала буьгу йийсаре баьхкина венгрийн эпсарш. Тӏаьхьо цунна хиира оьрсийн паччахьо йамартлонца дӏабеллачу оцу эпсарех исс инарла ирхъоллар, веанна тоьпаш тохар, кхо бӏе шовзткъе йалхитта набахте кхоссар.
Венгрехь ша йаьккхинчу кӏеззигчу хенахь Берсина хиира дуьненан халкъаш шайн къоман маршонехьа турпала къийсам латтош хилар, оцу турпалшна а йуккъехь турпала шен жима халкъ а хилар, ткъа маршонехьа къуьйсуш мел гӏеттинарг цӏела карчош, ӏаьржа ун санна, хьийзаш Николай ӏ-ниг коьртехь а волуш европейски паччахьийн цхьаьнакхетта гӏера хилар а.
Цунна хиира дуккха а оьрсийн