Шеца шиъ гӏалгӏазкхи а эцна, лаьцнарг хьалха а ваьккхина, гӏопе дӏавахара Берса. Цигахь набахтин камера хилла лаьттачу цӏенойх цхьаннан неӏаре кхаьчча, цуьнан тӏам а лаьцна, цхьана секундана соцунгӏа хилира Гусев.
– Господин капитан, ахь пурба лахьара, хьоьга хьайгга масех дош ала лаьара суна, – элира цо Берсега французийн маттахь.
– Къайлаххий?
– Хӏаъ, гуттар къайлаха.
Берса дӏасахьаьжира. Сени чухула хаддаза дӏасалелаш гора штабан эпсарш.
– Кхузахь адамаш ду.
– Соьца чуван тарлур дацара хьан?
Берса воьхна хьаьвзира.
– Иза муха хир ду?.. Бакъо ма йац. Дукханна а хаьа вайшиннан йукъаметтиг дика хилар. Ойла йехьа тӏаьхьа хин долчун…
– Делахь, хьо кхерахь, дӏагӏо хьо.
Гусевс, неӏ схьа а йиллина, боданечу, тӏуьначу камери чу ког тесира. Амма Берсас, катоьхна пхьарс а лаьцна, озийна йухаваьккхира иза.
– Господин капитан, сан пхенаш чохь кхехкарг нохчийн цӏий дуйла хьуна хаьа моьтту суна. Ткъа цара шайна кӏилло бу ала меттиг ца йитина дуьненна.
Гусев кӏоршаме велакъежира:
– Берса, хьуна ма-дарра хаа лаахь, со-м, хьо баккъал нохчо вуйла хьажа воллура. Хӏунда аьлча со даим шек ву хьан пхенашкахь кхехкарг нохчийн цӏий хиларх.
Неӏсагӏи тӏехь ах йуха а вирзина лаьтта Гусев чу а теттина, цунна тӏаьххье чоьхьа а ваьлла, неӏ тӏечӏегӏира Берсас.
– Сан майралла зен гӏерта хьо? Вада лаьа хьуна, Алеша? Гой хьуна, со хьоьца ву-кх, сайн герз а, сайн са а хьан дола дӏало ас!
Гусевс, къевллина мара а воьллина, бесни тӏе бовха барт баьккхира Берсина.
– Суна ца оьшу хьан герз а, хьан са а. Иза оьшуш меттиг хьо виначу лаьмнашкахь йу, Берса. Майра кӏант ву хьо, Берса, амма сонта ву хьо йа йуххец къонах вац хьо.
– Господин капитан, ахь со йемалво!
– Сан дешнех хьайна ма-луъу кхета пурба ду хьуна, Берса. Ахь боху, хьо нохчо ву, амма мичахь ду цунна тоьшалла? Муьлххачу а халкъан тешаме кӏант, шен халкъана бохам хилча, цуьнца хуьлу. Ткъа хьо мичахь ву?
Оцу дешнаша, дуьхьал цӏийдина хи тоьхча санна, йагийра Берсин йухь. Иза воккхавера шен йогу йуьхь бодашкахь Гусевна гуш йацарх.
– Берса, хьуна новкъа ма далахь ас бакъдерг дуьххьал дӏаалар. Гой хьуна кху Европехь хуьлуш дерг? Халкъашна кӏордийна феодальни ӏазап. Халкъашна кӏордийна