Шал-Дукъан коьртехь зоьрталчу попан орамашна йуккъехула кӏеззиг гучудолу ӏаьрчхи, лаха мел дели, стамлуш, хьеран ши тӏулг хьовззол хуьлий, муттанечу Мичках дӏакхета.
Ӏина чу буссучу готтачу, гомачу гӏашнекъана тӏекхаьчча, динара а воьссина, урх нуьйран хӏоьах тесна, чуволавелира Аьрзу. Дато луьйтанаш а декош, безза ког буьллуш, наггахь Аьрзун букъах корта а ӏуттуш тӏаьхьайогӏура хьаж тӏехь сет а, когаш кӏайн а болу цуьнан расха говр.
Говре хи а молуьйтуш ша ламаз дан дагахь тодинчу цхьана шовданна тӏевирзина Аьрзу, хих йуьзна чӏуьжалг бай тӏе а хӏоттийна, чухчари кӏел цхьа ког лаьцна, охьа а таьӏна, настарш йуьлуш йоллучу къоначу зудчунна тӏеӏоттавелира. Цуьнан букъ буьззина охьахецна йеха, ӏаьржа месаш гича, шена а хууш йуьхь цӏиййелла, воьхна, настарш лехча санна, ког дӏа ца тасалуш сецира иза.
Гобаьккхина лаьтта къена, йуькъа, йоккха хьун. Ша йоцург кху агӏор адам дац моьттуш, коч хьала а оьзна, хи кӏел шен кӏайн настарш ловзайо. Милла а ма йац иза, Эсет йу-кх! Йерриг Гати-Юьртана хаьа цуьнан а, Аьрзун а йукъаметтиг. Аьрзу, шагатӏулг хилча санна, вогӏавелла лаьттара. Хьалха дӏавахча а, цунна уллохула тӏехвала дезара. Ша ца гойтуш тӏехволийла дац. Йухавирзича? Тӏаккха цунна гахь? Хӏокху минотехь веана цхьаъ тӏекхачахь?
И дерриг бӏаьрнегӏар тухучу йукъана коьрте хьаьвзира Аьрзуна.
Меллаша, йухаверза дагахь, говран урха тӏе куьг кховдийра цо. Даим а тешаме доттагӏ хилла схьайогӏучу говро оцу минотехь тешнабехк бира цунна. Говро тоьхначу хьоршамо кхерийначу Эсета, коч сихха охьа а хецна, дерзина пхьаьрсаш букъа тӏехьа ловчкъийра. Аьрзу гича, цецбевлла цуьнан ӏаьржа, баккхий бӏаьргаш къаьрззинчохь бисира, хьажайукъ хабош айделла ӏаьржа цӏоцкъамаш гӏатта айъаделлачу чӏегӏардиго даржийначу тӏемех тера дара. Хӏетта шийлачу хица йилина цӏен бос беттало цуьнан горга беснеш гуттар а йогура. Чоза хӏаваъ ца тоьуш санна, ийъалора лекха накха. Тахана дагахь а доцчохь йаьхкира кху тӏаьххьарчу деношкахь къаьсттина цо сатуьйсу миноташ.
– Эсет, хьо хитӏа йеана? – элира цул хьалха меттавеанчу Аьрзус.
Хазахетар тӏехдаьлла Эсет, мотт сецча санна, йист ца хилалуш йисинера.